Москва боьлхучу нехан телефонан номерш дIа а язйеш, документийн сурташ дохуш ду Соьлж-ГIаларчу аэропортехь. Нохчийчохь "прописка" йоцчу нахе хоуьйту коронавирус яржар бахьана долуш цIаберза церан аьтто ца хила магаш хиларх лаьцна, хаам бо Соьлж-ГIалара Кавказ.Реалиин корреспонденто.
Аэропортан белхахой ларлон туьтмIаьжгаш йоьхкина бу. Уьш йоцуш цу чувалар хьовха, аравала а машена хиина Iан а дихкина ду.
Аэропортехь болх беш бу лоьраш, цара таллам бийр бу Москвара Нохчийчу богIучу нехан могушаллина. Кеманаш гIиттар а, уьш тIеэцар а доза тоьхна ду Соьлж-ГIаларчу аэропортехь. Москва дIасалелаш ду "Аэрофлотан" цхьа кема.