ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тезет хIоттор хьокъехь дан дезарг дийцина Нохчийчоьнан муфтийс


Межиев Салахь-Хьаьжа
Межиев Салахь-Хьаьжа

Нохчийчохь коронавирусан ун даьржаша долуш долуш, тезет хIоттор хьокъехь хьехарш дина республикан муфтийно Межиев Салахь-Хьаьжас.

Велла стаг, дино ма хьоьхху, дIа ца воьллича ца довла вай, ткъа зуькарш дар а, сагIанаш дахар а тIехь дац, боху Межиевс. Цу кепара, велларг дIаволла кечам беш лелош дерг – докъан ламаз дар а, иза дIаволлар а - лелор тIаьхь хилар, билгалдаьккхина цо. Кадам бан веллачуьнан гергарнаш болчу дахар сунна ду, боху муфтийс.

"Хоьттинчу хьолехь бехке бан мегар дац кадам бан цабаьхкинарш. Нагахь кадам бан ца дахча шаьш ца довлахь, кевнехь я неIарехь салам-маршалла а хаьттина, ларлуш халахетар хоуьтуш дешнаш а аьлла, дукха ца Iаш тезетера дIадаха деза", - аьлла Нохийчоьнан диндас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG