ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кучамаш ечу метта – масканаш. Гуьржийчуьрчу бедарш тоьгучу фабрикашкахь


МЧЕДЛИШВИЛИ Звиад, "Карара Зама"


Гуьржийчуьра хIуманаш тоьгу фабрикаш, цхьамоггIа дIахIиттина, медицинан масканаш еш ю тахана. ТIаьххьарчу кIиранах Тбилисерчу я кхечу муьлххачу а гIаларчу аптекашкахь оьцийла дацара коронавирусах Iалашлуш йоха еза туьтмIаьжгаш – дерриг а дуьнентIехь а лаьтта дефицит яра Гуьржийчохь.

ХIинца мелла а кхачо еш схьайогIу фабрикаш.

Хьалха дуьнентIехь яьржинчу спортан брендашца духар а, футболхошна бедарш а йора Поти гIаларчу хIуманаш тоьгучу фабрико. Гуьржаша а, туркоша а юкъахь лелочу оцу фабрикехь духарш тоьгуьйтура гоьевллачу фирманаша - Adidas, Nike, кхийолучара. ХIинца тегархой масканашна тIебирзина.

«Коронавирус яржарца доьзна оха цкъачунна 500 эзар маска ян Iалашо юьхьаръэцна, сихха дIалур ю уьш пачхьалкхе. Оьшу кIадеш, гIирс болуш бу», - боху фабрикин директора Оскендир Дженгиза.

Медицинан кисин 12 чкъор ду маскин. Тегархоша шайн масканаш тешаме ю, вирусна дика дуьхьало йийр ю цара, боху, цу тIе, юьттуш, ехха лело а мега уьш. Чекхъевлла масканаш Гуьржийчоьнан могашаллин министраллин экспертизехула.

Йоццачу хенахь пачхьалкхерчу массо а бахархошна тоъал масканаш арахеца дош делла Гуьржийчуьрчу хIуманаш тоьгучу фабрикаша - иттех ю церан декъахь.

Амма проблема ю Гуьржийчоьнна куьйгаш уьнах Iалашден антисептик арахеца. Муьлххачу а аптекехь я туьканашкахь эцалуш яра иза ши кIира хьалха, ткъа хIинца яц цхьа наггахь доцург карош а. Лара ца йо антисептик махканна тоъал арахеца и еш йолу компанеш.

"Махкахь духхьара коронавирус хааелчхьана схьа тхан компани де-буьйса доцуш къахьоьгуш ю. Цул сов, тхаьш арахьоьцу кочаллаш хьалхачул а йорах юхку оха – и эца аьтто массеран а хилийта. Куьйгех тухучу антисептикна хилла а ца Iа оха мехаш лахбар, дезинфекци еш мел оьшучу хIуманна охьабаьхна мехаш", - дуьйцу дезинфекцин кочаллаш арахьоьцучу компанин менеджера Микава Ликас.

Дефицитехь масканаш, антисептикаш хилла ца Iа Гуьржийчохь, ца тоьа медикаша куьйгех дохка деза боху резаьнкин каранаш а. Уьш арахьара чудохьуш хилла Гуьржийчу даима а.

Iедало лечкъа ца до гуьржех пачхьалкхехь хьал оьшург хилар. Говзанчаша дийцарехь, ун кхин а марсадер ду Гуьржийчохь, ткъа экономика, нехан таронаш – лахлур ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG