ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь карантин йохийначарна луьра таIзар даре кхайкхина Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчохь Зазадоккху-беттан 29-хь дуьйна болх бан йолаелла Кадыров Рамзана дIакхайкхийна карантин. Цу хьокъехь шайна елла полипропилен олучу пластикан биргIанаш етта полисхоша туьтмIаьжиг йоцуш арабевллачу бахархошна. Цуьнца цхьаьна республикехь цхьа а аьтто бац уьш эца, хаам бо Кавказ.Реалиино, "Новая газетана" тIе а тевжаш.

Цу хеннахь социалан машанашкахь шуьйра яьржина "@сhp.chechenya" цIе йолчу инстаграм агIонехь арахецна видео. Цу тIехь Iедалхошна хьалха вистхуьлуш Кадыровс луьра таIзар даре кхайкхина ницкъаллин структурийн белхахошка, карантинан раж йохийначу нахана.

"ДIалеца. Карае уггар чамбоцу, талламан изоляторехь ялахь а, вукханхьа ялахь а, цхьа… и санна йолу меттиг. Тесна йитина меттиг а карийна, иштта чIогIа догIа а тоьхна, шийла йолчу чохь, яъа хIума йоцчу чохь вита веза иза. Шена дерриг а хуъушехь нахана юкъаваьлла паргIат лелаш ву… Орана чу лаьттах волла, чукхосса, цигахь валийта иза", - боху Кадыровс.

Карарчу хенахь Нохчийчохь официалан кепара тIечIагIдина ду 9 стаг коронавирусан ун кхетта хилар. Цунах лаьцна хаам бина республикан могушаллан министро Сулейманов Эльхана, хаам бо "Грозный-информ" агенталло. Цо дийцарехь, кхин а 3 стеган анализаш толлуш ю лаборатерехь.

Цомгуш хиллачерах лаьцна дуьйцуш министро билгалдаьккхина царна юкъахь йолу 83 шо долу йоккха стаг вочу хьолехь хилар. Республикехь дIакъастийна ву коронавирусан ун даьржинчу пачхьалкхашкара Нохчийчу веана 839 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG