ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ишта а хьаьдда йоьду зама, карантинехь кхин а сихо йийр ю цо"


Материалан автор ю - "Кавказ.Реалиин" корреспондент Амирбекова ПатIимат

"Юьртахь", "берашца а, хасбешахь а", "хIора Iуьйранна ида дагахь ю", "хIинццалц диннарг дийр ду-кх", "балхахь - лоьрех карантин хьакхалуш хирг хир яц". "Кавказ.Реалии" портале дийцина дагестанхоша, карантинехь шаьш дендолчух.

36 шо долу Зумруд:

Дийно сарралц бераш уьдуш лела, школера а, берийн бошмашкара а цIахь битина уьш. ХIара карантин дIаяхлахь, цара со хьерайоккхур ю. Дан хIума доцуш бисинчу наха перфораторш караэцахь, нана яларг ду. ХIокху карантинах кхоьру-кх со коронавирусел а чIогIа.

31 шо долу Руслан:

Болх бийр бу ас. ЦIера болх бан дуьйладелла тхо, (кафечуьра, паркера гIентахь хиина Iачуьра) кхетам болчу наха цIахь Iахьара бохуш, дехарш а дале хьалха дуьйна. ХIинца-м цхьа мейнстрим хилла кхунах. Юкъ-кара хан а йойур ю ас: сериалашка а, Ютубера цхьацца видеошка а хьоьжуш, Дик Филипан киншка а йоьшур ю ас. Ишта а хьаьдда йоьду хIара зама, карантинехь кхин а сихо йийр ю цо.

28 шо долу Ася:

Сан доллу дахар а ду карантин санна. КIиранах цкъа чуьра арайолу со. ХьошалгIа яха а, цхьацца кега мерса гIуллакхаш хуьлий а. Цундела суна бен-башха дац.

Самия, 37 шо:

Лоьрийн карантин хир яц аьлла хета суна. Тахана 19 журнал кечдина ас, карантин лоьрех хьакхалур яц. Хаац, ишта ца хила а тарло. Хууш яц со хIун дан деза?! Имам берийн беша ца вахийтича хIун дара а ца хаьа, амма ас денна дIалелош-м ву иза.

Альбина, 30 шо:

Тхо мукъа дитаза ду цкъачунна. Бакъдерг аьлча, садаIа лууш-м яра со. ХIоьттина со сица. Ишта а яра со балхахь мукъа хан эца дагахь. Цхьа кIира сайна лахь, цхьахйолу курсаш чекхйохур яра ас. Iуьйранна ида а йолалур яра. ТIаккха, цхьанхьа яха лууш яра со. Дагестанехула мукъна а йорт тоха. Жимма сайна хьалхара суьрташ хийца лууш яра со. Лаккхара температура ца лов коронавирусо, цундела чохь Iачул а, арах лелар гIоле ду. ХIинцца йохлур ю, тIаккха проблема а дIаяйлур яра.

Курбан, 27 шо:

Сайн да а, нана а долчу гIур волуш вара со. ГIали юккъехула вола а лур вара. Шашлык-машлык. Коронавирусех-м ца кхоьрура со. Туьйранаш ду уьш.

Диана, 34 шо:

Со ишта а ю цIахь, карантинехь санна. Со фрилансер ю - цIахь пижама а йоьхна, болх беш ю со. Дуккха а информаци а гулйина, цIахь сайн йозанаш а деш Iийр ю.

30 шо долу Марат:

Ас книгаш йоьшур ю. ЦIера цхьадолу гIуллакхаш а чекхдохур ду. Кхелаш карабогIучу беттан 10-чу дийне кхаччалц мукъа ю. Кхелахоша луьсту доллу гIуллакхаш а карабогIучу беттан чакхене дIатеттина ду. Болх хьалха санна дукха бац хIинца.

Наталья, 48 шо:

Тахана карантин кIайкхийна тхуна. КарабогIучу-беттан 12-че кхаччалц дIаяхйина иза. Я сайн чохь цхьацца гIуллакхаш деш Iийр ю, я гIалина юьстахчу тхайн хIусаме садаIа дIагIур ю. Суьрташ дохкур дуй хоьтту ахь? Дохкур ду. Йозанаш дийр ду, беш охкур ю, цхьацца хIума дIа а Iуттур ю бешахь. Вуьшта кхин тIе а урокаш а ма ю сан. WhatsApp мессенджерехула белхаш схьа а оьцуш, процессна тIехь терго латтор ю ас.

Маиза, 25 шо:

ХIинццал а диннарг дийр ду-кх хIинца а. Доьзалхочух йолуш цIахь ю со, цундела массаьрга а ала ду сан: "Марша догIийла шу сан дахаре". Дукхахболу наной ишта а бу карантинехь. Ара йолий, хIаваэхула йола а ло со. Ша ду, маьршша майдана а яьлла, йолаяла йиш хилар, хьошалгIа ваха а, берийн клубе кхача а могуьйтуш хилар. Ткъа хьал хийцалур ду изоляци яхь. Делахь а, кхераме дац карантинехь хилар а. Стресс ца хилийта дуккха а ловзоргаш, киншкаш эцна охьаяхка еза. Дистанцехь болх бан шортта мукъа хан хир ю сан. Сайн проект тIехь болх бан а, цхьа шо ду ас иза тесна йитина. Тематике посташ хIиттор ю социалан машанерчу сайн аккаунтехь. Башха самукъане хан-м яц хIара а, делахь а, кхана-кхана бохуш, дIатиттина дуккха а гIуллакхаш чекхдаха хан хир ю. И дийр дар-кх ас.

Шамиль, 28 шо:

Бакъдерг аьлча, цIахь болх бан беза бохург цхьа цеце тIеоьцу ас. Цкъа делахь, компьютер я ноутбук оьшур ю суна цIахь. Ткъа сан яц иза а, я важа. Смартфон тIехь текст язъян Iаламат хала ду, шозза сов хан йойур ю цо. Балхахь санна кхиаме болх бар хир дац цIахь. Ас бинчу балхана луш ду суна алапа, цундела, киса а лахлур ду сан. ШолгIа делахь, цIерачу хьелашкахь суна хала ду балха тIе ойла яхийта. Белхан атмосферехь хьал а кхечу кепара ма хуьлу.

Алихан, 26 шо:

Дуккха а хан хир ю суна Iарбойн мотт Iамо а, чохь сайн гIуллакх дийр ду, телефон чохь болх а бийр бу. Инстаграмехь кеп-кепара сайн аккаунташ лелор ю, лечкъа стенна до. ЦIахь Iашшехь болх а беш, сом даккха агIо лохур бу ас.

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG