ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: ДIоггара бахьана а доцуш, урамашкахула лела нах лоьцур бу  


Кадыров Рамзан ЧГТРК «Грозный" телеканало вовшахтоьхначу «Коронавирус. Хаттарш а, жоьпаш а" программехь
Кадыров Рамзан ЧГТРК «Грозный" телеканало вовшахтоьхначу «Коронавирус. Хаттарш а, жоьпаш а" программехь

Нохчийчохь болх беш ду официалан кепара юкъадаьккхина доцу комендантан сахьт, аьлла дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ЧГТРК «Грозный" телеканало вовшахтоьхначу «Коронавирус. Хаттарш а, жоьпаш а" программехь вистхуьлуш. Цо дийцарехь, дIоггара бахьана а доцуш, урамашкахула лела нах лоьцур бу ницкъаллин структурийн белхахоша.

Цкъачунна шаьш бахархой, варе а беш, буьтуш бу, амма массо а хIуман шен зил бу, ткъа шайн дезар ду мелла а луьра гIулчаш яха, бохуш вара республикан куьйгалхо.

Хьалхо цо ницкъбаре кхайкхинера шен ницкъаллин структурийн белхахой карантинан раж ларйеш боцчу нахана. "ДIалеца. Карае уггар чамбоцу, талламан изоляторехь ялахь а, вукханхьа ялахь а, цхьа… и санна йолу меттиг. Тесна йитина меттиг а карийна, иштта чIогIа догIа а тоьхна, шийла йолчу чохь, яъа хIума йоцчу чохь вита веза иза. Шена дерриг а хуъушехь нахана юкъаваьлла паргIат лелаш ву… Орана чу лаьттах волла, чукхосса, цигахь валийта иза", - бохуш вара иза, Iедалхойн кхеташонехь къамел деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG