ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалошна пикник хIоттийнера?



Артикл язйинарг Абдуллаева Зайнаб

Дагестанан Кумторкалинскан кIоштан кхелехь дерзийна меттигерчу вахархочунна Даитбеков Шемална дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх таллар. Иза бехкево къайлах герзашца вовшахтоьхначу тобанца хилла ву аьлла.

Полисхойн версица, лурчаха бIаьста дуьйна гуьйрене кхаччалц юург латтийна цо Учкент олучу эвлан юьстах тIе а кхоьхьуш, гIаттамхошна. ТIаьхьо леринчу операцехь хIаллакбинера цигахь хаабелла гIаттамхой.

Дахначу кIиранах кхело барт хаьттира тIаьххьарчу шина теше, меттигерчу полицин декъан шина белхахочуьнга. Ницкъахочо Атаев Джамбулата дийцина, Даитбековн "лулахо ву ала тарло" ша аьлла. Бехкевечун адвокто Асиялов Аталава хаьттира теше, иза лацале хьалха стенна кхайкхинера цо шозза а Даитбеков ша волчу цIа аьлла. Вукхо бакъ ца дора, Даитбеков ша волчахь хилла бохург. Адвоката хаьттира ша Iалашвечуьнга цунах лаьцна. Оьрсийн мотт хууш иза вацарна, гочдархо вара юкъа хIоттийна.

Даитбековн дешнаш оьрсийн маттахь схьаэлира гочдархочо: Атаевс ша шен хIусаме а кхайкхина, шен доьзалца а, лацале хьалха вевзинчу накъостаца а цхьана хIоттийначу пикникех лаьцна хеттарш дира шега аьлла, тIечIагIдира Даитбековс.

Ткъа тешо дIахьедора, бехкениг а вуьгуш, полисхошца цхьана эвла йисте вахара ша, тIемалошна юург чохь ша тIоьрмиг битина меттиг цо гойтучу хенахь аьлла. Атаевс чIагIдо, Даитбековс мукIарло дина хиларх шен лаамехь.

Иза лацале хьалха дахара шу, я лаьцначул тIаьхьа хилира шу цу меттигехь бIаьргтухуш аьлла, шега хаьттича, полисхо соцунгIа хилира жоп дала.

ШолгIачу теше, Дагиров Дагире хаьттира адвокато, Даитбековс ма баххара, цунна тIеIаткъам бирий ахь аьлла. Бакъ дац элира тешо. Бехкевечо ша "ма-дарра дийцира дерриг а": "Иштаниг Iамо йиш яц" , - аьлла, билгалдоккхуш.

Даитбековга хаьттира адвокато: тешо ницкъ бирий хьуна аьлла. Бира шена аьлла, жоп хазийра бехкевечо.

"Харцдерг дуьйцуш ву иза. Ас кхерамаш тийсина бац цунна. Мелхо а, хьалххе тхоьга схьа стенна ца хаийтира ахь бехира ас. Тхо ницкъаллийн структураш ма ю, нагахь санна, хьо цхьана хIуманах кхоьруш хиллехь, уггар а хьалха, тхоьга схьахаийта декхар ма вара хьо аьлла. ХIара ледарло хьоьгара ялале, оха хIалакбийр ма бара уьш элира ас.", -бохуш, чIагIдора полисхочо.

Ишта тешо далхийра, Учкентан йисте шен белхан накъосташца ша а вахана хиларх, бехкевечо ша муха гIо дора тIемалошна дуьйцучу заманчохь. Амма шолгIа теш а ца хIоьттира, маца дIабаьхьира аш талламан барамаш: лацале, я лаьцначул тIаьхьа аьллачу хаттарна жоп дала.

Кхелан кхеташо йирзинчул тIаьхьа адвокато Асияловс дийцира "Кавказ.Реалии" портале, шайна хетарехь, Даитбековна тIаьхьабевлла хилла, накъостаца цхьана хиллачу пикникех хиттинчу полисхочун-лулахочун гIонца аьлла. Цо бахарехь, ницкъахочо хиттина хилла Даитбековга, хьан накъост тIемалошна гIо деш вуйла хаьий хьуна бохуш. Бакъо йоцуш герз лелийна цо аьлла, таIзаре хIоттийнера иза.

Цуьнан вала да вац аьлла, хеташ, полисхоша шайна луъург лелийна Даитбековна тIехь аьлла, тешна ву адвокат. Юьртан йистехь талламан барамаш дIабаьхьна шаьш бохуш, тешаша ен чIагIонаш а харц ю, хIунда аьлча, цхьанхьа а цунах хIоттийна протокол ца хиларна боху Асияловс.

"Нагахь санна, ша динчу зуламах оцу стага къаро йинехь, полицин белхахоша йозанашца тIечIагIдан дезаш ду и гIуллакх. Ткъа кхузахь я суьрташ а дац, я яьккхина видео а яц, я хIиттийна протоколаш а дац. ХIунда аьлча, кхузахь дина мукIарло дац. Нагахь санна оперативан барамаш дIабаьхьна хилча, документашца тIечIагIдан дезара цара. Ткъа кхузахь тоьшаллаш дац".

РогIерчу кхелан кхеташонехь шина а агIонан пренеш хир йолуш ю. "Кавказ.Реалиис" ма яздарра, Даитбеков - эпилептик ву, шолгIачу группан инвалид а.

Юьхьанца ша динчу мукIарлона дохковаьлла иза, ток а йоьттуьйтуш, психологина ницкъ а беш, бертаза дицийтинера шега аьлла, дIахьедина цо. Шен доьзална а, берашна а зулам дийр ду шаьш бохуш, полицин белхахоша кхерамаш тийсинера шена боху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG