Корононавирус хьакхаялар талла керла тIехнийса тест кхоьллина Роспотребнадзоран эпидемиологин Iилманан а, талламан а коьртачу Институтехь, хаам бо цу урхалло. Дийцарехь, иза талларан белхаш дIабирзина кху Зазадокккху-беттан 25-хь. Тестах пайда эца магийна Оьрсийчоьнан Федерацехь.
Керла тест кхоллар бахьана долуш, Роспотребнадзоран арсеналехь гучубаьлла кхин а цхьа коронавирусца къийсам дIабахьа оьшу эвсаран гIирс, аьлла ду оцу урахалло бинчу хаамехь.