Карантин йохийначарна таIзарш дарх лаьцна низам тIеэцна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо, хаам бо "Новая газето". Бехктакхаман кодексна тIехь бинчу хийцамаша бакъо ло хIинца карантинан раж йохийначу нахана таIзарш дан, тайп-тайпанxe барамехь гIуданаш а, 7 шаре кхаччалц набахтехь яккха хенаш а тухуш.
Иштта дуккха а нахана ун а, дIовш а долуш санитаран а, эпидемиологин а низамаш дохорна гIуда тухур ду 500 эзар соьман тIера 1 миллион соьме кхччалц барам болуш я и гIуда хир ду 3-5 шарахь бехкевинчун догIучу алапан барамехь. Цул сов низамо бакъо ло и стаг 3 шаранна набахте хьажо.
Нагахь низам дохор бахьана долуш адам деллехь я иза цо леррина дина хиллехь бехкечун гIуда тухур ду 2 миллион сом барамехь я иза чувуллур ву 5 шаранна. Ткъа шиннал сов стаг веллехь хан тухур ю 7 шо.
Оьрсийчохь карантинан раж йохийначу нахана таIзарш дар хьокъехь дан дезарг кечдар тIедожийнера премьер-министро Мишустин Михаила Юстицин а, Чоьхьарчу гIуллакхийн а министраллашна.