ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а 9 вахархочун коронавирус хьакхаелла хила мега Нохчийчохь


Соьлж-ГIала, гайтаман сурт
Соьлж-ГIала, гайтаман сурт

Кхин а 9 стагана коронавирус хьакхаелла хила мега Нохчийчохь, хаам бина республикан могушаллин министро Сулейманов Эльхана, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

"Хьал вайн кхин хийцаделле дац. Нохчийн Республикехь официалан кепара тIечIагIдина ду 9 стагана коронавирус кхетта хилар. Цул сов, шеко ю меттигерчу лабараторехь таллам бинчу кхин а 9 вахархочун вирус хьакхаелла хила мега аьлла. Хьалха санна нуьцкъала садоьIуьйтуш ю 83 шо долу коронавирус хьакхаелла йоккха стаг", - аьлла министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG