Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана критика йина Оьрсийчуьрчу губернаторшна, коронавирус яржарца къийсам ледара дIабахьарна.
Оьрсийчоьнан президенто шайна тIедожийнарг кхочушдеш цара хIара ду аьлла деш хIумма а дац, бохуш реза воцуш вара иза ЧГТРК "Грозный" телеканалан эфирехь къамел деш.
"Президента кхайкхам бина халкъе, пачхьалкх оьшург деш ю: дарбан цIенош ду деш, керла меттигаш кечйеш ю, эшахь а аьлла, оьцуш ду молханаш. Ткъа вайна, регионашна, хаалуш дац хIоьттина хьал. Вай посташ язйо Instagram-хь, телевизионехула къамелаш до, ткъа хIара ду аьлла хIума деш берш кIезиг бу", - элира Кадыровс. Цо ца элира билггал ша буьйцурш муьлш бу.
Кадыровс чIагIдарехь, дукхахайолу регионаш хIинцца юьйлаелла, Нохчийчохь ши кIира хьалха динарг дан. Оцу хеначохь ун кхетта дуккха а нахана, бохуш вара иза.