ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус кхетта йоккха стаг елла Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIала
Соьлж-ГIала

Коронавирус хьакхаелла 83 шо долу зуда елла, тахана, Оханан-беттан 1-чу Iуьйранна Соьлж-ГIаларчу дарбан цIийнехь, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Хьалхо хаам бина ма хиллара, и зуда Нохчийчу цIаеана хиллера цIерпоштца плацкартан вагончохь. Цунна коронавирус кхетта хилар тIечIагIдинера Москох.

Кхелхинчуьнца уьйр хилла 200 сов стаг карантинехь ву карарчу хенахь.

ТIаьххьара болчу хаамца, верриг а коронавирус хьакхелла ву Нохчийчохь 9 стаг. Цул сов, шеко ю меттигерчу лабараторехь таллам бинчу кхин а 9 вахархочун вирус хьакхаелла хила мега аьлла, хаам бина республикан могушаллан министро Сулейманов Эльхана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG