ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алсамдолуш ду Европерчу пачхьалкхашкахь коронавирус кхеттачу нохчийн терахь


Вена
Вена

Алсамдолуш ду Европерчу пачхьалкхашкахь коронавирус кхеттачу нохчийн терахь. Болчу хаамца, и ун кхетта Нохчийчуьра схьабевлла нах бу Австрехь а, Германехь а, Бельгехь а, Францехь а.

"Кавказ.Реалиин" корреспонденто бинчу хаамца, карарчу хенахь Австрехь коронавирус хьакхаелла ву 12 нохчо. Уьш берш кегийра нах бу 20-45 шераш долу. Царах шиъ реанимацехь ву.

Маситта нохчо ву вирус кхетта Германехь. Царах цхьаъ ю Берлинехь еха 55 долу зуда. Карарчу хенахь цуьнан хьал вон дац.

Францехь коронавирус кхеттачу вайн нахана юкъахь ву нохчийн блогер Сусуев Ахьмад. Цо видеоролик яржийнера кху деношкахь социалан машанашкахь, нохчашка ларлуш хиларе кхойкхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG