ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Песков: Путина кху деношкахь дерриг а до геннара дIа


Путин Владимир Коммунаркерчу №40 дарбан цIийнехь
Путин Владимир Коммунаркерчу №40 дарбан цIийнехь

Путин Владимирца Коммунаркерчу инфекцин дарбан цIийнехь хилларш коронавирус хьакхаялар толлуш тесташ дIалуш бу, хаам бина президентан зорбан секретаро Песков Дмитрийс. Цо дийцарехь, уьш берш а, шайна юкъахь Путин а волуш, болх беш бу геннара дIа, яздо ББС-но.

Шинарин дийнахь гучуделира коронавирус кхетта хилар Коммунаркерчу дарбан цIийнан коьртачу лоьрана Проценка Денисна. Цига ша ваханчу дийнахь Путина куьг деллера цуьнга. Президентца цхьаьна цу дарбан цIийнехь хилира Песков а (туьтмIаьжиг йоллина), вице-премьер Голикова Татьяна а, Москван мэр Собянин Сергей а (туьтмIаьжигаш а йоцуш).

Президент Ново-Огорёвохь ву. Цигара дIа, телекоммуникацех пайда а оьцуш, Iедалан декъашхошца кхеташо дIахьура ю цо, бохуш вара Песков.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG