ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун экха ду и «коронавирус»? Ерриг а Оьрсийчуьра тесташ зуьйчу Новосибирскерчу вирусологца къамел


Филимонов Андрей, "Сибирь.Реалии"


ТIаьххьарчу хенахь ца хеддаш етта телефон Нетесов Сергейга, Новосибирскерчу университетан вирусологин лабораторин куьйгалхочуьнга. Хаа лаьа массарна а, хIун ду хуьлуш, муха ларвала веза коронавирусах. Вуно дукха яздина даьржинчу уьнах, амма хIетте а ледара бу нехан оцу зуламах кхетам.

Шен интервьюхь Нетесовс дуьйцу, стенна ца бохьу тоъал пайда карантино, хIун бахьана ду ерриг а Оьрсийчохь вирусна экспрес-таллам бен система яцар, хIун до Новосиберскерчу вирусологин "Вектор" центро.

Сергей Викторович, карантин шога хила еза, я вай гIеххьа къовладелча тоьу?

– Британехь ву цхьа эпидемиолог-теоретик Фюргессен Нил, цо сурт хIоттийна пачхьалкхашкара, муьлхачу хьелашкахь муха яьржа коронавирус гойтуш. Гучудаьлла еккъа ша карантино сов пайда бохьуш цахилар. Иза юкъаяккхарал совнах, деза дуккха а хIуманаш дан, билгалбаха беза цомгушнаш а, ун кхеттарш а. Цкъачунна вирусан цхьа а битамаш хаабелла боцурш а – цаьрца а лела тарло и ун, шайна а ца хууш, яржош хила мега цара вирус. И массо а категореш шогга карантине ховшо вай ца Iемий, кхечара ларлуш лелориг дуьсу маьIна а доцуш.

Ткъа юй Оьрсийчоьнан и дерриг а кхочушдан таронаш?

– Оьрсийчохь 80% диагностикан тесташ йийраш коммерцин компанеш ю. Iедало хIинццалц тIе ца кIабора цара бен болх, ца юьтура и компанеш маьршша диагностикан гIирс кхолла а, диагностика дIаяхьа а. Амма хIинца гучудаьлла пачхьалкхан хьукматийн гIора доцийла оьшшучул тест-системаш арахеца а, алссам тесташ хIитто а, зен а ницкъ ца кхочийла.

Нетесов Сергей, Новосибирскерчу университетан биотехнологин а, вирусологин а лабораторин куьйгалхо
Нетесов Сергей, Новосибирскерчу университетан биотехнологин а, вирусологин а лабораторин куьйгалхо

Цундела хIоттаделла таханлера хьал: тестийн жамIаш массийтта дийнахь лардар, кIиране а долу иза. Тесташ хьанна ян еза? Iедало уьш ца йо лаккхара дагар а долуш, пехаш лозуш стаг вацахь я иза дозанал арахьара чу ца веанехь. Италерчу а, Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу а хьелаша гайтина, коронавирус уггаре дукха яржораш цхьа а симптомаш йоцу нах хилар. Аьлча а, вирус кхетта лоруш а бац и нах, амма цара ма-хуьллу дIасаяржайо иза. Цундела оьшу тесташ массарна а хIитто – мехах а, маьхза а, лууш верг милла а валийта веза тестах чекх.

Садукъийна тесташ талла массех бен йоцчу хьукматийн – тIех дукха бу церан болх

Кхузахь, Новосибирскехь, йиш юй луучунна шега инфекционист хьажийта, тест яккхийта?

– Цкъачунна яц и таро. Садукъийна тесташ талла массех бен йоцчу хьукматийн – тIех дукха бу церан болх, вуно дукхачу гIаланашкара схьаоьхуьйту тесташ. Цу тIе, маьхза а бо цара и болх, харжаш йо, ткъа цкъачунна цхьаммо а ца боху компенсаци лур ю.

–​ Коронавирусна дуьхьал молха кхоллар, хьуна гарехь, мел аьтто хир бу иза дан?

– Вакцина, кхечу могIарчу молханел а хала ю кхолла, хан а оьшу дукха. 5-10 шаре долу дика вакцина кхоллар. Иза ехха зен езаш хиларца дозу иза, адамна тIехь толлуш а ма юй иза. Цундела деза ду вакцина кхуллуш мел дийриг. Адамна тIехь зен йолаяле, вакцина дийнаташна тIехь зуьй, ши шо долу и толлуш. Цул тIаьхьа бен ца магадо наханна тIехь, церан лаамца, иза зен.

Прессехь, цхьаьнхьа, тIаккха вукхунхьа кхоьллина молха, олий, яздо, Францехь а, Корейхь а долуш ду, бохура. Амма де, ши де даьлча кхета иза бакъ доцийла…

Москва, мах а луш, коронавирусан тестах чекхбийла гIерта бахархой
Москва, мах а луш, коронавирусан тестах чекхбийла гIерта бахархой

Дуьххьара вакцина зен йолийнарш Iамерикахой бу, дIадахначу кIиранах китайхоша а долийна шайн зераш

– Фейкаш дукха ю. «Элира-бохура» бара церан бух. Ас хьоьху журналисташна аьшпаш цабаржор, уьш юьхьанца дуьйна, чекхбовллалц аьшпаш бу, эладитанаш ду. Хьогамо кхуллу уьш. Суна хууш, ши вакцина ю зераш шайна тIехь дайта резахиллачаьрца толлуш. Цхьаъ ю Америкерчу Moderna фирмано кечйина. Оцу вакцинина сертификат а елла Штаташа. Оцу фирмано бакъо яьккхина шена, дийнаташна тIехь зуьйш хан а ца йойуш, лаамхошна тIехь молха зен. ШолгIаниг Китайхь зуьйш ю – и вакцина а ю лаамхошна тухуш. Шинахьа а зераш долийна, ши кIира хьалха Iамерикахоша, хIинцца китайхоша. 2-3 бут баьлча гур ду жамIаш. ТIаккха бен магор дац маьршша и вакцинаш зен а, адамашна вакцинаци ян а. Iамерикахоша шайн молха коронавирус алсам яьржжинчу штатехь зен тарло.

Кху муьрехь массо а бу «коронавирусан табло» ларъеш, масса, стенгахь цомгуш хилла хьоьжуш. Оцу информацех, хьуна хетарехь, тошийла дуй?

– Ала деза, дац вай теша хIума. Дагардарш регионаша лучу терахьашна тIехь ду. ДIадаханчу деношкара хьал-м хаа тарло, амма «тахана» бохург дош дац. Цхьаъ делахь, хан кеп-кепара ду дуьнентIехь. Цхьана хенахь луш яц и информаци. Соьга хаьттича, тергалдан а ца деза терахьаш, эпидемина дуьхьал болх бан беза, могашаллех сагатдан деза. Билггал болуш бу цомгуш нах, цамгаро а гойту кеп-кепара сурт. Иза зер, таллар ду коьртаниг.

Коронавирус ца яржийта хIун дан деза, уггаре хьалха лоьраша а, Iедало а?

– Бертахь, юкъахь болх бан беза. Хьалхарниг – вуно сиха ун кхеттарш схьалахар. Алссам зен беза нах, алссам хила еза тесташ схьаоьцу меттигаш. Дика хир дара экспресс-тест хилча, масала, аэропорташкахь, 30-40 минотехь жамI а гойтуш – тIаккха стаге алалур дара, иза ун кхетта ву, сихха дIагIо, карантине хаа. Кхетта цунна вирус, масала, ткъа иза нахаца цхьаьна автобуса хуу, тIаккха араволу, нахана юкъа – хьоршамаш детта массанхьа а, юха цIа вогIий, чуьрачарна а дIало шех кхетта ун.

Москва
Москва

Хьуна муха хета, кеп а хуьйцуш, «кIадлур» яц-те коронавирус, гриппан цхьайолу кепаш а санна? ДIаер яц-те?

– Вирус хIинцале а ю шен кепаш хуьйцуш. Цхьангара кхечуьнга мел кхочу, кхин мутант хуьлу цунах. Хааделларг ду хIара: ун атта ловш волучо, я симптомаш а йоцуш, шеца вирус лелош волучо - иштанаш дуккха а бу – дIало кхечуьнга вирус, ткъа вукхо а лов иза хьалхарчо а санна атта. ГIелъелла вирус ю цаьрца ерг – оццу уьнан кхин кеп, мела кеп ю иза. ГIелъелла, шен башхалла хийцина вирус хенан йохалла лелар ю, кхетар ю иза нахах, амма сов дараш доцуш дIа а ер ю цаьргара. Йоьдуш ю и биологин процесс а.

Селхана арахецна коронавирусан геномех лаьцна информаци, хийцалуш, тайп-тайпана ю вирусан кеп. Лаьттан континенташ тIехь а ю геномаш куьц-куьцара. Америкехь – цхьаъ, Европехь – кхин, Азехь – гуттар а кхин, Австралехь – йоьалгIа… ХIора пачхьалкхехь ша-ша ду коронавирусан тайпа, муьлха муха лела – иэделла ду и болар а. Амма Iилмано толлуш яц лазар атта лайначарна кхеташ йолчу вирусан кеп-тайпа, чIогIа вон ду и агIо тесна йитар.


Гарехь, вирус ша лахлур ю, ша иза йовр ю бохург аьттехьа а дац-кх?

– «Дац» ас эр дац. Iаламехь дерриг а ду, вайна ца хетахь а, шен бакъонца, шен боларца лелаш, логика ю цуьнан шен. Вайна оьшург цуьнан болар, логика йовзар ду.

Хууш дац, адам хIоттош йолу, балхах-некъах дохош йолу дуьненан карантин маца дIаер ю. Хьуна муха хета, «маьрша цхьаьна дахар» хуьлийла дуй коронавирусца?

–Нагахь санна хьал ма-дарра дитахь, карантинаш дIаяхахь, математикашна бер болу болх – белларш багарбар. Къаной лийр бу доккхачу декъанна, миллионашка хир ду кхалхарш. Сатоха деза цкъачунна, йиш яц ун маьршадаккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG