ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Балха дIакхачале 20 камера ю некъаца хIоттийна. Муха ларбо карантинехь болу Москвара бахархой



Материалан автор "Настоящее Время" телеканалан корреспондент Алексей Александров

Байначу беттан 27-чохь дуьйна керлачу программица ларбеш бу Оьрсийчохь карантинан раж йохо нах. Пачхьалкхан Iедалхойн тIедилларца, гIалин бахархоша карантинан низамаш муха лардо смартфонийн геолокацица теллина ца Iаш, программашна тIетесна ю иттаннашкахь эзарнаш видеокамераш а.

"Безопасный город" системан камераш ерриш а болхбан юьйлалур ю карарчу беттан 5-чу дийнахь дуьйна. Боккъал а, дуккха а ю камераш: нах бехачу цIенойн чувоьдучу неIаршкахь а, юкъарчу транспортан соьцийлашкахь а, метрочуьрчу турникеташ тIехь а.

Москван мэрино дIахьедарехь, шахьарахь ерриг а 178 эзар камера ю. И бохург ду, хIора 70 еакIов километрехь хIиттон таро хилар. Кеста царна тIе кхин а 9 эзар камера кхетар ю

Мел лахара а 20 камерана тIехвала дезар ду балха воьдучу меттигерчу вахархочун. Мэрин куьйгалхой тешна бу, оцу системано карантинан раж йохош болу нах Iорабохург хиларх. Бетах маска йоьллина хилахь а, оцу технологино вовзуьйтур ву стаг, нагахь санна, 40 процентна юьхь хьулйина велахь а боху цара.

"Коммерсант" газете мэрерчу хьостано дийцина, адамийн яххьаш къастийтархьама NTechLab компанин технологех пайдаоьцур болуш бу аьлла. Цхьана хенахь оцу компанино кхоьллина ю уггар гоьяьлла адаман юьхь йовзуьйту апликаци. FindFace яра цуьнан цIе. Ткъа цуьнан алгоритм дуьненахь а дикачух лоруш яра.

2018-чу шеран аьхка дуьйна оцу апликацех пайдаэца йиш яцара хьен-хьенан а. NTechLab компанино шен продукт пачхьалкхна а, бизнесхошна а йохка йолийра. Партнераш бу аьлла, сайтехь билгалъяьккхина цара Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а, Москварчу информцийн технологийн департамент а.

"Уггар а коьрта тхан гIирсех пайдаоьцу оцу структураша, - элира "Настоящее Время" телеканална еллачу интервьюхь стохка гурахь NTechLab компанин директоро Минин Александра.

"Тхан керла, уггар а тоьлла проекташ Москварчу информацийн технологийн департаментца юкъахь кхочушйина ю. Тхо хIинца Москвахь болх бина ца Iаш, кхечу регионашкахь а ду. Оьрсийчоьнан яккхийчу регионашкахь масех пилот ю, амма цкъачунна церан цIераш яха йиш яц тхан", - аьлла, дийцира Минина.

Москван бахархошна тIехь карантинан режимехь терго латторах кхин цкъа а интервью яла дуьхьал хилира NTechLab компани.

"Коммерсантан" информацица, цкъа карантинан къепе йохийначеран а, кхечу пачхьалкхера цIабаьхкина, изоляцехь хила безачийн а суьрташ системина чуоьцур ду. 500 гергга стаг ву уьш. Ишта коронавирусан ун кхетта, аттачу хьолехь хиларна шайн цIахь дарба деш битинчийн суьрташ а латтор ду базехь.

Ишта видеокамераша терго латтор ю церан мобилан телефонашкахула уьш болчу меттигийн а, чу-ара бийларан а.

"Цу геолокацин системица аьтто хир бу церан, и стаг цIахь ву, я цхьана маршрутца цхьанхьа воьдуш ву, я ураме ваьлла хаа", - дуьйцу "Инфосистемы Джет" компанин белхахочо Каросанидзе Дмитрийс. -Ишта Яндексна а, Гуглна а, Фейсбукна а хаьа, вай стенгахь Iаш ду, хIунда аьлча, суьйранна гуттар а цхьана меттигехь гучудийларна. 100 метар гена волчу стагна радиус тIетосу, ткъа цу диапазонел а иза дехьаваьлча, хаамбо карантинан гурашкара араваьлла иза олий".

Оьрсийчоьнан зIенан министраллана дахначу кIиранах тIедожийра, зIенан операторийн гIоьнца система кхолла, геопозицица коронавирус йолчу стеган хьаьнца контакт хилла хоуьйтуш аьлла. Эксперташа бахарехь, цу кепара система Къилба Корейхь хIинцале а болх беш ю.

Уггар а йоккхачу "Мегафон" компанин пресс-гIуллакххоша дийцира "Настоящее время" телеканале, цу тайпа система кхолла аьлла, Iедалхошкара дехар шайга кхаьчна дац аьлла.

Юристашна хетарехь, Азин пачхьалкхашкахь лелош йолу, хIинца Москвахь а юкъаяха гIерта, нахана тIехь терго латтон системаш, низамашкахь магийна яц.

"Роскомсвобода" бакъонашларъяран организацин юристо Дарбинян Саркиса боху: "Низамашкахь магош дац оцу стеган бакъо ца хилча, вахархочун биометрин хаамаш кегон. Цуьнгара бакъо а йоцуш, магийна ду цхьацца меттигашкахь, амма эпидемица къийсам латторца доьзна низамехь билгалдаьккхина дац".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG