ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIедогIучу кIиранах а садоIур ду Оьрсийчуьрчу бахархоша


ТIедогIу кIира – Оханан-беттан 6-12 денош – болх ца бен кIира кхайкхийна Оьрсийчохь. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо, "Коммерсантна" тIе а тевжаш. И сацам тIеэцна дистанцин кхеташо дIахьош президента Путин Владимира.

Болх ца бен хан яхъян езара аьлла хьахийнера Роспотребнадзоран куьйгалхочо, коьртачу санитаран лоьро Попова Аннас а, вице-премьеро Голикова Татьянас а.

Поповас дагадаийтира коронавирусан инкубацин мур 14 де хилар, цундела иза кхечу цхьана адамо кхечуьнга дIало зIе хадо оьшу хан а ю 14 де. Цуьнца цхьаьна, Поповас дийцарехь, и ши кIира тоам болуш ца хила а мега Iалашоне кхача.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG