ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Декъий чудахка 100 эзар гали дехна Пентагоне федералан Iедало


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Америкехь коронавирус яржарца доьзна хьал чолхечу долуш а долуш, декъий чудахка 100 эзар гали дехна Пентагоне федералан Iедало. Цунах лаьцна хаам бо "Американ аз" портало Reuters агенталлана тIе а тевжаш.

Президента Трамп Дональда а, адамийн могушалла ларъярехула болчу цуьнан коьртачу хьехамчаша а кхайкхам бина Американ бахархошка, коронавирусах кхалха мегаш 100 эзар стаг а волуш, гергарчу "халачу шина кIиранах" вовшашна улле ца гIерташ вуно чIогIа лардахьара социалан дистанци ларярца доьзна низам аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG