ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс вуно оьгIазе чехийна Нохчийчохь вевзаш волу бизнесхо Ахметханов


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ганах баьхна Iедалхой а, муфтий а волуш, меттигерчу телеканалан камершна хьалха луьрчу кепара чехийна республикехь вевзаш волу совдегар Ахметханов Асланбек. Цхьаболчарна иза вевзаш ву "Черт (ШайтIа) Асланбек" аларца. Криминалан гонашкахь лоруш стаг а ву иза, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Кадыров оьгIазвахийтинарг яра Ахметханов сакъоьруш волуш яьккхина видео. Цу тIехь совдегаро неIалт олу малар дихинчунна, тапча а кхуьссу. Гарехь, иза хуьлуш ду республикехь кхайкхийна карантин а йолуш.

Къаьсттина Кадыровна цатайнарг ду видеороликехь республикехь карантин кхайкхорах лаьцна Ахметхановс шена хетарг дийцар. "Вай карантинехь ма дай" бохуш тойне хевшинарш беларо эпидемина дуьхьал республикехь лелочух уьш цабашар гойту, аьлла хета Кадыровна.

"Мичара даьлла хьуна оццул герз?"- хоьтту Кадыровс, шаьш цуьнгара схьадаьккхина герз дагадогIий. ТIаккха кхерам тосу, ахь иза хьайна хьа делла а, хIунда делла а схьа ца дийцахь, ша вуно луьра таIзар дийр ду хьуна, олий.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо оьгIазе къамел динчул тIаьхьа Ахметхановс Дела дуьхьа шена къинтIера валар доьху Кадыровга, цу тайпаниг шегара кхин дера цахиларан чIагIо а еш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG