ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адыгей: "КIезиг бу ненан маттахь язден авторш"


Черкес Лариса, "Кавказ.Реалии"


Адыгейрчу туьканашкахь хала ду къоман маттахь арахецна литература каро, ца тоьу ненан меттан Iаматаш. Берашна пайде язораш дацарх тоьшалла до шаьш яздархоша а.

Амма Адыгей Республикан гуманитаран талламийн институтехь кхин боху. Ненан мотт Iалашбан а, Iамо а лерина йолу программа кхочушъеш, зорба тоьхна Iаматашна, электронан кепе ерзийна дуккха а книгаш, арахецна туьйранаш, берийн «самукъане абаташ», шира иллеш, адыгейн матте яьхна дуккха а «мультикаш», чIагIдо цигахь.

«Уьш юхкуш ю, луучуьнга эца а ло. Алссам книгаш, Iаманташ маьхза дIасайоькъу школашкахула, берийн бошмашкахула», - элира талламийн институтан адыгейн меттан декъан куьйгалхочо Анчек Сурета.

Яздархочунна Чуяко Юнусна гарехь, берашна дийцарш, байташ яздеш дацарца дозу адыгийн маттахь книгаш кIезиг хилар. «Ненан маттахь берашна яздийраш бац. Яздархойн шира чкъор дIадаьлла вайна юкъара. Къоначаралахь суна ца го и тайпа авторш. Боккха бала бу иза. Вайн хилла а ца Iа. Ерриг а Къилбаседа Кавказан проблема ю иза. Нийса дац книгаш арахоьцу хьукматаш бехкеяр – зорба тоха материал яц царна, хилча, цара сихха арахоьцу», - боху Чуякос.

Iилманчас, яздархочо Куек Асфара ненан маттана хуьлу эшам бузу Iедалца: Берийн яздархой бу, амма вуно кIезиг бу ненан маттахь яздийраш. Школашкахь а ца йитина ненан мотт Iамо база. КIезиг ю адагийн маттахь литература, ца тоьа берашна доьшу йозанаш».

«Къам ша дуйла хаийта малделла», цундела яц берийн литература а, элира «Кавказ.Реалиига» яздархойн «Оьрсийчоьнан Литературан Фонд» юкъараллин Адыгейрчу декъан куьйгалхочо Кесебежев Каплана.

Цо бахарехь, «тахана берашна роботаш яр хаза хета, компьютеран ловзаршца деха, эшаршка, ютубе дирзина. Вайн типографешкахь болх бечу наханна адыгийн литературина редактура ян а ца хаьа. Арахоьцу книгашкахь вуно дукха ду орфографин гIалаташ. Гена бу вайн «говзанчаш» маттана, аьтто бац церан белхаш берийн книгашка бахка. Кхузаман юкъараллехь дика авторш банне а бац. Ткъа берш – оьздангалла евзаш бац, я тоъал шаьш дешна а бац. Карарчу хенан буха тIехь кхоьллина туьйранаш дезара вайна. Ткъа яздархошний, дахарний юкъахь херо ю йоккха, Баттаний , Лаьттаний юкъахь санна, дуьйцу Кесебежевс.

Коджешау Казбек ш оду берийн книгашна суьрташ дохкуш, дизайн еш волу. Амма хала дац цуьнан белхаш эца – интренетехула духкуш ду уьш. «Соьга алалур дерг хIун ду, яц берийн литература, дац адыгийн маттахь кхоьллина, берийн тидам тIегIур болу компьютеран ловзарш. И проблема тахана кхоллаелла а яц – 50-80 шо ду цуьнан. Книгаш ваьш арахеца дуьйлалучу заманахь вай дицдина берийн литература арахеца езийла, ловзарш, суьрташ берашна оьшийла а дицдина вай. Бакъал а болу «берийн бахам» ца кхоьллина вай», - аьлла хета Коджешауна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG