ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан «гуманитаран акци». Американна медицинан гIирс боьхкина я совгIатна белла?



Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс шинарийдийнахь хаам баржийра, президента Путина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна совгIат деш, кема дуьззина медицинан гIирс дIахьажийна, аьлла. Доналд Трампан Путин Владимирца телефонехула хиллачу къамелан лорах дира Песковс дина дIахьедар.

«Эпидемин хьал гIоьртина лаьтташ хиларе терра дара Оьрсийчоьнан агIор Американа медицинан техникаца, Iалашлучу гIирсаца гIо кховдор. Трампа баркаллица тIеэцна и гуманитаран кепара гIо», - элира Песковс. Цуьнан къамел даржийра Оьрсийчуьрчу массо а Iедалан агенталлаша.

Пресс-векало бахарехь, эшначу хенахь Цхьаьнатоьхначу Штаташа Оьрсийчоьнна а дийр ду гIо, аьлла йолчу дегайовхонца яьккхина Кремло и гIулч.

Амма хIинца чугудаьлларг кхин ду – «гуманитаран накъосталла» дац динарг, медицинан гIирс Оьрсийчоьно эха мехах белла, аьлча а, боьхкина Штаташна.

Пачхьалкхан Департаментан векала Ортагус Моргана иштта боху Америке Москвара дIакхаьчначу кеманах лаьцна: «Охан-беттан 30-чу дийнахь Доналд Трампана а, Путин Владимирна а юкъахь телефонан къамел хиллачул тIаьхьа Цхьаьнатоьхна Штаташ резахилла Оьрсийчоьнера шена оьшу медицинан гIирс эца, царалахь ю пехашна хIо кхачош йолу аппараташ а».

Бакъду, Ортагуса ца аьлла мел гIирс бу эцнарг, хIун мах белла цунах.

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векала Захарова Марияс дIахьедина, дIахьажийначу киран мехах цхьа дакъа бен охьа ца диллина Америко, аьлла. Ахчан шолгIа дакъа, цо бахарехь, делларг ю Оьрсийчоьнан инвестицийн фонд (РФПИ).

Штатийн Пачхьалкхан Департаментал ши де хьалха хаийтира Трампа ша Путинца Оьрсийчуьра медицинан гIирс аэца барт бинийла.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн прессехь тидамза дисира и дIахьедар, амма Оьрсийчохь агенталлаша дийцира, кеманца дIахьажийна кир совгIат ду бохуш.

Кхаарийдийнахь Оьрсийчоьнан Штаташкарчу векала Антонов Анатолийс, журналисташа деллачу хаттарна жоп луш, элира, «маьттаза, оьзда доцу къамел ду», Итале медицинан гIирс а хьежош, Оьрсийчоь шена политикан аьттонаш беш ю яздар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG