ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус кхеттачу нехан терахь 36-га хьаладала мегаш ду Нохчийчохь


Соьлж-ГIала, гайтаман сурт
Соьлж-ГIала, гайтаман сурт

Оханан-беттан 2-чу сарахь бинчу хаамца, Нохчийчохь коронавирус хьакхаелла хила мегаш ву 36 вахархо. Царах 10 стаг ун кхетта хилар тIечIагIдина федералан тIегIантIехь.

Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан могушаллан министро Сулейманов Эльхана меттигерчу телевизионехь къамел деш. Цо дийцарехь, дарбанан цIеношкахь болчу дархойн хьал юккъерчу барамехь ду. СадаIарца халонаш хьоьгуш ю 60 шо долу цхьа зуда. Иза тIетесна ю нуьцкъала садоIуьйтучу гIирсана.

Карарчу хенахь карантинехь ву Нохчийчохь 861 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG