ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа ХIирийчоь: хIусаман метр – дешин меха


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт
Лидовская Анастасия


Массанхьа а санна, нехан эца таро хинйолу хIусамаш ян гIерта ша, боху Къилбаседа ХIирийчоьнан Iедало. Амма дина девллачу цIенош чуьрчу хIусамийн мехаш бу да ваххол – ца эцало уьш нахе.

Тхов боцу бахархой уггаре дукха болучех ю республика. Банкаша лучу ипотекех уггаре кIезиг ял йоккху мохк а бу ХIирийчоь. Ишта доллушехь а, деса лаьтта дина девлла цIенош - ипотека йорах хиларх ца тоьу, хеннахь цуьнан дакъош банкашка дIа ца делча туху гIуданаш даккхий хилча, ткъа ипотекин гIуданаш тIехьаьрчина бу вуно дукха нах.

Бахьана цхьаъ ду – кIезиг ахча кхочу хIирийн доьзалшка, сов лакхара ю белхазалла. Яц нехан петарш эца таронаш.

Махкахь йоккха харцо лела рицкъ дола кхачарца, билгалдоккху финансийн эксперто Пухаев Алика.

«Бехаш болучарний, къечарний юкъара башхалла сов йоккха ю. Республике кхочучу ахчанах 90% цхьана жимачу тобан кисана доьду. Коррупцино кхобу хьаькамаш а, бизнесхой а бу баха атта дерш. Уьш кхоьру шайн ахча банкашкахь латто, амма ца карайо иза дахьа меттиг. Царна уггаре атта некъ бу шайн ахчанах цIенош оьцуш са яккхар. Оцу наха юхадохка дIаоьцу дина девлла цIенош», - дийцира "Кавказ.Реалиига" Пухаевс.

«Ткъа тоьлла долу цIенош деса лаьтташ ду. Масала, чекхволу хьо буса Коцоевн урамехула – тоххара дина девлла цигахь цIенош, амма серло йогуш ца го цхьа наггахь долчу корехь бен. Тоххара дIадоьхкина и цIенош, амма бац чохь Iаш нах. Сан цхьана накъоста эцна оцу урамехь хIусам, цуьнан лулахочо дIаэцна гонахара пхи петар», - элира Пухаевс.

Цо бахарехь, ХIирийчохь петарийн мехаш бу Краснодарехь санна. Амма Краснодарехь вахархочунна хала дац болх каро. «25-30 шо долчу чкъуранна боккха бала бу хIусамаш яцар. Шаьш оьцучу алапах цара цкъа а IаIор дац ахча. Иштачу доьзалша петар эца хьажадо ипотекаш, ненан капитал, хIетте а кIезиг оьцу махкахь хIусамаш. Доьзалан 2-3 бер ду, ткъа цо оьцу цхьа чоь йолу петар, ахча ца тоьу оьшшург эцар», - билгалдаьккхира эксперто.

Экономиста Кулова Маргаритас билгалдаьккхира Къилбаседа ХIирийчоь хIусамаш цатоарца Оьрсийчоьнан регионийн рейтингехь хаьлхарчех хилар. Стохкалерчу статистико гайтарехь, махкахь 16% бахархой бен бац ипотека эца йиш йолуш.

«Кхечу, экономика эвсаре йолчу пачхьалкхашкахь санна, цхьа квадрат-метр мехкан вахархочун беттан алапан барамехь хилча дара дика. Ткъа иза ишта хилийта оьшург ду Оьрсийчоьнан экономика баккъал а могуш хилар», - боху Куловас.

Цо дийцарехь, махкахь мехах петар лоцург а дала еза дукха ахча. И мах а бу ХIирийчохь тIех лакхара. «МогIарчу белхалочун алапе кхоччуш бу лоцучу уггаре жимчу петаран мах – 15 эзар сом. Иза а ю проблема, юккъерчу алапал эхазза мукъа а йорах хила еза доьзало лоцуш йолу петар», - аьлла хета экономистна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG