ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шуна – жоьпалла, тхуна – ахча". Путинан керла вертикаль


Соловьёва Елена Вольтская Татьяна, Маршо Радио, оьрсийн сервис

Оьрсийчоьнан регионашкахь кеп-кепара ду коронавирус яржарца долу хьал, аьлла еарийдийнахь ша пандемин хьокъехь халкъе вистхуьулуш президента Путин Владимира. ХIинца регионан куьйгалхой шайн лаамехь бу уьнна дуьхьалоеш балхах мукъабаьккхинчу кху баттахь къахьега. Оцу юкъанна нисделла массех мехкан куьйгалхочо шен лаамехь даржаш дитар а.

«Север.Реалиица» къамел динчу эксперташна гарехь, Путинан къамело гойту Iедалан вертикаль кризисе йирзинийла, иза шегара жоьпаллин дукъ регионийн белшаш тIе дуьллуш вуйла.

Политологна Галлямов Аббасна хетарехь, Путина ша динчу къамелца хаийтина ша Iедал дерриг а шен караэцарца кхоьллина шога вертикаль чохь садолуш йоцийла. Цо бахарехь, Оьрсийчохь цIеххьана кризих хIоттаро а гойту иза.

ХIинца Путин шина гIента тIехь чIагIвала гIерта: цхьана агIор – урхаллин эвсаралла совйоккхуш, шегара архаш малъян, вукху агIор – бахамах а, политиках а дола дан. Цо совйоху губернаторийн бакъонаш, хIан, дIаэца мукъ, бакъонаш шуьгахь ю, боху цо, «жоьпаллехь шу ду, амма ахча ас сайгахь дуьту» бохург хуьлу цунах. Иза чекхдер дац – губернаторе жоп доьхуш делахь, шен махкахула ун дIаса ца даржийта ахча дала а ма деза цуьнга. Тахана мухха а нислахь а, кхана, шегара гIора чIагIдан, губернаторо финансийн таро а йоьхур ма ю президентера. Ала тарло, Путина кхоьллина урхаллин вертикаль кеп хуьйцуш ю. Амма пандеми дIаяьлча, и урхалла цунна меттахIуттур ду я дац? Шек ву со цунах. Халачу хенахь губернатора ша халкъанна пайде хилар гайтича, нехан бIаьргаш чохь, элитина гергахь, иза хир ву сийлахь. Урхаллин вакуум кхоллаелла пачхьалкхехь тахана, и вакуум мехкийн куьйгалхоша шайна пайденна юзур ю. Путина доккха гIалат далийтина шегара: цо халкъ а, бизнес а йитина шайн-шайн баланашца, пайде хIума ца кховдийна цаьрга. Пачхьалкхо гулйина резерваш яста езаш вара иза. Цо и накъосталла даре массо а хьийжира. Ца хьахийна цунах хIумма а, наха дегабаам бина. Халкъ цо Iехийча санна нисло.

Политикан экспертийн тобан лидер ву Калачев Константин. Цо иштаа боху:

- Регионашна дIасадекъна Путина шегара жоьпалла. Иза, мел тамаше делахь а, нийса ду. Пачхьалкх йоккха ю, регионашна юкъахь а ю башхалла. «Зен ма хилийта» бохучу принципца дан деза дийриг. Регионаш бохамна хьалха шаьш юьтуш хилча, ледара хьал лан дезарш бу дотацешна тIехь беха мехкаш. Урхаллин вертикаль цхьаьнххьа а ца йоьду – губернаторшна тIехьовсуш бу федералан гонашкара президентан векалш, лакхара Iедал. Меттигашкахь ахча ца тоьийла а гуш, вертикаль хир ю царна орцахъяла. Дика ду коронавирусца къийсалуш арабоху сацамаш массанхьа а цхьабосса боцуш, оьшуш дац Москвара хьал массанхьа а хIотто – цхьаьнхьа шагъян еза бахархошна изоляци, кхечунхьа иза ца оьшу дан. Таханлера «федерализаци» ца йича ца йолуш яра. Ханна ю иза.

Коми махкарчу политика Никулин Андрейс бахарехь, пачхьалкхехь «къоьлла иккхина хIинцале».

- ГIеххьачул таро йолу нах а бу хенера бовларх ойла еш, политика яц церан коьртехь. Муьлхха а диктатор санна, ма-хуьллу тийсалур ву Путин, Iедал охьа ца дилла. Иза воьхна, ца хаьа цунна ша хIун дан деза, массо а сацамаш бу ойла йина валале арахоьцуш, цундела бу уьш ирча, бесаза. Кризисо нахе дицдойтур ду Путина халкъан проекташ кхочушъян делла дош, хьегна къа эрна хилла ала а мегар ду хIинца. Пачхьалкхан проекташна кечдина хилла ахча дайа дезар ду соьманна ечу гIорторашна, я бюджетехь девллачу Iуьргашна йома йилла. 20I8-чу шарахь, ша юха а президенталла тIеоьцуш а, кху тIаьххьарчу шина шарахь а Путина дийр ду баьхна диканаш дуьсур ду шаьш доллучохь, деса къамел а хилла.

Коми махкахь а, Архангелскехь а, Камчаткехь а шайгара дарж охьадехкина губернаторша. Иза церан лаамца хилла а дац, боху Никулина.

Калачевна хетарехь, хууш дара буьйцучу мехкийн губернаторш гIенташкара биссор буйла – нах ца теша царех. Амма Конституцин хийцамаш тIеэцна бовллалц, пандеми дIаяллалц аьлла, цхьана ханна битинера уьш урхаллехь. Кеста кхин губернаторш а бевр бу шайгарчу даржах.

Петербургерчу Урхаллин институтан юридикан факултетан деканна Цыпляев Сергейс бахарехь, тIеман-куьйгаллин иерархин системаш бен кхолла ца хаьа Оьрсийчоьнна.

Тахана халкъан ойла ян еза, халкъ ду экономика кхуллург. Белхалочунна дика хьал латтор ду коьртаниг. Цхьаммо а беш болх а боцуш, рицкъ а лаьтташ хир дац. Къа а ца хьоьгуш, диллина чохь Iан гудина ахча дац вайн. Пачхьалкханна ял охьаюьллург халкъ ду, совдегарш а бу, цундела цаьрга шайгга дала деза пачхьалкхо ахча, «регионашка» бохуш, дIахьежорах гIуллакх хир дац. ТIом баьлча санна ду хIоьттина де: лакхара омра кхачаре а ца хьоьжуш, хIораммо ша-ша къелхьардакках деза шен са. Ситуацино йостуш ю вертикаль, адамаш уьнах кIелхьардахар дуьсуш лаьтта деккъа меттигерчу хьакамашна тIехь, - боху Цыпляевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG