ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс харцдина Нохчийчохь "комендантан сахьт" кхайкхор


Соьлж-ГIала
Соьлж-ГIала

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана харцдина республикехь "коментадантан сахьтан" раж юкъаяьккхина хилар. Цо дийцарехь, урамашна дезинфекци ян цо юкъаяьккхинарг ю дIасалелар дехкаран раж.

"Яздо, оха комендантан сахьт кхайкхийна бохуш. ХIан-хIа! Оцу тайпа роль тхайна тIе ца оьцу оха. Оха юкъаяьккхинарг ю "ДIасалелар сацоран" раж, буьйсанна гIала а, ярташ а цIанъян а, дезинфекци ян а. Республика дIачIогIуш ю муьлхха а транпортана.

Транзитан машенаш федералан трассехула чекхйовла бакъо йолуш ю хьалха санна. Массо а бахархошна хьехар до ас Оханан-беттан 5-гIа де тIекхачале цIаберза аьлла. Цул тIаьхьа республике чувар дихкина хир ду. Коронавирус яржаран зIе хадо кхечу тайпана аьтто бац", - билгалдаьккхина Кадыровс, хаам бо "Нохчийчоь тахана" зорбан гIирсо.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Оханан-беттан 3-хь комендантан сахь кхайкхийна хиларх лаьцна хаам бинера ТАСС агенталло, Кадыровс шен Telegram-каналехь яздинчунна тIе а тевжаш.

Кхетор. Дешан маьIнаш дечу дошамаш дийцарехь, комендантан сахь - дехкар ду, билгалъяьккхинчу хенахь урамашкахь а, кхечу юкъараллbн меттигашкахь а хила ца магош, карахь Iедалша делла леррина кехат а, стаг мила ву хоуьйту документ а доцуш. Иза юкъадоккхуш ду чолхе хьал кхайкхиначу хьелашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG