ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йолах пайда эца еллачу хIусамийн мах охьабаккха беза, боху Кадыровс  


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Йолах пайда эца еллачу хIусамийн мах долахашка охьабаккхийта некъаш лахар тIедожийна Кадыров Рамзана коронавирусан ун республикехь даржарца къийсам латточу каде штабана. Цунах лаьцна яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо, "ВКонтакте" социалан машанехь.

"Йолах пайда эца еллачу петарийн мах долахоша охьабаккхарх лаьцначу хаттарна тIехь болх бар тIедожийна ас", - яздина цо.

Цул сов, Кадыровс билгалдаьккхина Нохчийчохь ша-тайпа тидам тIебахийтина хилар, бIаьстенан аренан белхаш дIабахьарна. Цо дийцарехь, цхьа а лаьттан дакъа дита мегар долуш дац дIа ца дуьйш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG