ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIудийн пачхьалкхо бехкевина Путин мехкадаьтта дайдаларх лаьцна харцдерг дийцарна


Аль Сауд бен Фархан Фейсал (аьрру агӀорхьаpa шолгIа)
Аль Сауд бен Фархан Фейсал (аьрру агӀорхьаpa шолгIа)

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дина, Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира шайн пачхьалкх ОПЕК+ бертана юкъаръяьллера, сланцан мехкадаьтта доккху конкуренташ юкъарабахар Iалашонца алар бакъдоцург ду аьлла. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Цуьнах лаьцна хаамашна комментари еш, министро принца Аль Сауд бен Фархан Фейсала дIахьедар дина, "цу дешнашкахь цхьаъ бакъдерг дац" аьлла,- хаам бо Arabnews зорбан гIирсо.

Министро билгалдаьккхина, ОПЕК+ олучу мехкадаьтта доккхучу пачхьалкхаша бина барт кхин дIа а ницкъ болуш битарна дуьхьал хилларг мелхо а Оьрсийчоь яра аьлла. Цо кхайкхам бина оьрсашка, Оханан-беттан 6-чу дийнахь хир йолчу кхеташонехь "нийса сацам баре".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG