Эзарнашкахь Zoom сервисехула дина видеокъамелаш гучудевлла Youtube а, Vimeo а видеохостингашкахь, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо. The Washington Post газето яздарехь, интернетехь лелаш ю наха вовшашца къамелаш деш а, бизнес-кхеташонаш дIахьош а, психотерапевташа сеансаш еш а, школашкахь юьхьанцара классашкахь урокаш дIахьош а, кхин йолу а оцу сервисехула дIаязйина видеош.
Компанин куьйгалхоша бехк ца биллар а дехна, хаам бина сервисан эгIазаллица доьзна кхачабацарш дIадохур ду шаьш аьлла.
Коронавирус гучуяларца вуно алсамдаьлла видеозIе ян аьтто бечу Zoom сервисах пайда оьцучу нехан терахь. 2019-гIа шо чекхдолуш цо регистраци йина вара 10 миллион гергга стаг, ткъа карарчу хенахь церан терахь ду 200 сов миллион.