ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Reuters: ОПЕК+ кхеташо тIаьхьатеттина СаIудийн Пачхьалкхан а, Оьрсийчоьнан а къовсам бахьанехь


Мехкадаьтта даккхар лахдар хьокъехь оршотан дийнахь хила еза кхеташо тIаьхьатеттина ОПЕК-о, Оьрсийчоьно а, Москван а, Эр-Риядан а къовсам бахьана долуш, хаам бо . Цу шина пачхьалкхо къуьйсург ду, мехкадаьттан мехаш дайдаларна бехке мила ву бохург.

ОПЕК-ан а, Оьрсийчоьнан а векалийн цхьаьнакхетар хила мега Оханан-беттан 9-хь. Цунах лаьцна шотдийнахь Reuters агенталле хаам бина ОПЕК-чу хьастано.

Кхеташо дIаяхьа еза бохучун тIера ца волу Американ президент Трамп Доналд. ХIокху кIиранах цо дIахьедар динера, дуьненан мехкадаьттан рынок сихонца метта ялон еза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG