ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Фергюсон Тони: "Чемпионан титул дIаяккха еза Хьабибера"


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

UFC чемпионатан латархочо Фергюсон Тонис дIахьедар дина, Нурмагомедов Хьабибера чемпионан титул дIаяккха еза аьлла.

Хьалхо Нурмагомедовс хаам бинера Оханан-беттан 18-хь UFC 249 турнирехь Фергюсонах лата аьтто бац шен, коронавирусан пандеми а, дозанаш къевлина а хилар бахьана долуш аьлла.

Цхьа бутт гергга хьалха UFC чемпионатан президенто Уайт Дэйнас дIахьедар динера, Нурмагомедов Хьабибан а, Фергюсон Тонин а латар ца хила мега корнавирсун ун даржарна аьлла.

Нью-Йоркан губернаторо Куомо Эндрюс Зазадоккху-беттан 13-хь дуьйна дихкина 500 сов стаг гуллон мероприятеш вовшахтохар. И бахьана долуш UFC-н куьйгалхойн ши вариант ю хIоьттинчу хьолах хаьлхадовла: чохь хьовсуш нах а боцуш, турнир дIаяхьа я иза дехьаяккха дуккха а адамаша дакъалоцу мероприятеш дIаяхьар дихкина доцчу Невада штате.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG