Ши стаг вийна, ткъа 6 чевнаш йина ву Францин къилберчу Лион гIалана I00 километр йолчу Роман-сюр-Изер гIалахь. 33 шо долчу Суданера мигранто цIеххьана тIелетар дина маьршачу бахархошна, хаам бо Le Figaro газето.
Зулам дарна шеко йолуш дIалаьцна волчу цу стага урс диттина пурнина (бепиг дон завод) хьалха бепиг эца рогIе хIиттинчу нахана. Зулам даран бахьана хууш дац.
Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Кастанер Кристофа твиттерехь кадам бина байинчеран гергарчаьрга. И тIелатар "сий доцуш дина хIума ду аьлла" цо.