Нохчийчуьрчу ницкъахоша рогIерчу вахархочуьнга нах къинтIера бахийтина ша социалан машанашкахь «хьашт доцург» даржорна. Цунах лаьцна сюжет гайтина «Грозный» телеканало.
Хьалхо машанашкахула яьржира Устрада-ГIалин урамашкахула лелачу полисхоша, машена чуьра охьа а ваьккхина, меттигерчу вахархочунна, цо карантинан хьал талхорна, етташ.
Нохчийчуьрчу Iедало йиллина лелочу кепехь махкахой «къинтIера бохуш» гайтина телевиденехула видеон автор Давлиев Iабдурахьман а, цуьнан шича-маьхчалара стаг Амалиев Бислан а, видео чохь полисхоша мийра бетташ хьийзийна волу Тулаев Ислам а, цуьнан ваша а.
Амма ца баьккхина телеканалехула бехк, стаганна етташ, бакъонехь совбевллачу полисхошкара.
«Грозный» каналан корреспондента тидам тIебохуьйту Тулаев Ислама карантинан хьал дуьххьара талхийна дацарна.