ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Мелхо а, ас бакъво иза». Полисхоша нийса йиттина устрадахочунна, боху Кадыровс


Инстаграмехула ша ечу эфирехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бакъбина Устрада-ГIалахь вахархочунна етташ гайтина полисхой.

"Мелхо а, ас бакъво иза. Цкъа а, шозза а шега аьлла хилча, иза кхозлагIа а стенна волу ара? Даха ца лаьа вайна? Цхьана стаганна еттар атта ду суна, эзар дIавуллучул», - аьлла Кадыровс.

Деношкахь видео яьржира машанашкахула, Устрада-ГIалахь карантинан хьал тергалдечу полисхоша меттигерчу вахархочунна, иза арахула леларна, етташ.

ТIаьхьо хиламан видео яьккхинарг а, цуьнан ваша а гайтира мехкан тегевизионехула, кIинтIерадаккхийтира цаьрга къам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG