ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юуучунна уггаре дукха ахча духкурш бу Къилбаседа Кавказан бахархой


Оьрсийчохь кхачанна мел ахча духку бахархоша теллина «Аналитикан рейтингийн кредитан агенталло» ("Аналитическое кредитное рейтинговое агентство"). Хьалхарчу пхеа регионашлахь бу Къилбаседа Кавказера кхо мохк.

ГIалгIайчуьрчу доьзало юккъерчу барамехь юуучунна духку шена кхочучу ахчанах 59%, Дагестанерчу доьзало – 57%. Оьрсийчоьнан мехкех пхоьалгIаниг ю ГIебарта-Балкхаройчоь – цигахь доьзало шен ахчанах уучунна хьажадо 45%.

Оьрсийчоьнна юккъерчу хьесапехь ларалучу барамехь кхачанна ахча духку доьзалша Къилбаседа ХIирийчохь – 37%, Нохчийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а – 35%. Кавказан мехкашлахь массарел кIезиг кхочучу ахчан дакъа юуучунна хьажориг бу Ставропол-мокх – 31% ахча духку цигахь кхачанна.

Рейтинго гайтарехь, доьзале кхочучу ахчанах массарел кIезиг юуучунна хьажадо Ханты-Мансийн махкахь а – 24%, Москвахь а – 25%.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG