ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоь: коронавирус эккхарна кхоьру


Артикл язйинарг Пейсахова Анна /"Кавказ.Реалии"/
ГIалгIайчуьрчу вахархочуьнца коронавирус ю, амма аттачу хьолехь токхуш ю цо аьлла, даьржира хаамашкахь. Дуьххьара стаг ву иза ун даьлла. Кийча буй-те цигахь Iедалхой COVID-19 вирусна дуьхьал бовла?

Меттигерчу могушаллин министраллан пресс-секретаро Оздоев Беслана бахарехь, медицинан инфраструктура кийча ю, нагахь санна, махкахь ун даржа долалахь а. Дукхахберш шаьш шайна изоляци а йина, ларлуш схьабогIу.

"Карарчу заманчохь массо а оьшу гIирс а, лоьраш а болуш бу. Амма хIора денна массо а хIуманах пайдаоьцуш бу, - боху Оздоевс. - Федералан центрера коронавирусца къийсам латто аьлла 150 миллион сом кхаьчна, цхьа дакъа ахчан меттигерчу бюджетера ду".

Цул совнах, дуьйцу цо, республике ши фура кхаьчна сенаторан Хамчиев Биланан цIарах: "Пехашка садоIуьйту вентиляцин аппараташ а (ИВЛ), респираторш а, лоьрийн вирусах Iалашвен духарш а, каранаш а, масканаш а ю цу тIехь. Ишта, шина-кхаа кIиране довллал гIирс болуш бу тхан. Оьрсийчуьрчу могушаллин министраллан рекомендацешца а, стандарташца а, тхоьга схьа аьлла, чолхечу хьолехь болчарна аьлла, 80 маьнга кийча хилийта".

Наьсарерчу а, гIалгIайн республикан клиникан дарбан цIийне а хьовсор болуш бу коронавирусан ун даьлла пациенташ. Оцу юкъанна, меттигерчу бахархоша вовшахтоьхна, гIоьналлин фондехула ахчанаш гулдина, лоьрашна кхачаме ца хилла барзакъ а, масканаш а, бIаьргех дохку куьзганаш а, респираторш а, масканаш а эца аьлла. Меттигерчу колледжан студенташа эзара маска а тегна, лоьрашлахь дIасайийкъира.

ГIоьналлин "Тешам" цIе йолчу фондаца цхьана лоьрийн а, бахархойн а
хьашташна аьлла, ахча лахьо воьллера адвокат Беков Мохьмад.

Цунна хетарехь, социлан машанашкахь иккхина паника бахьана долуш, адамаша а, дийнна тайпанаша а сагIина ахча тесира. Кхаа дийнахь 700 эзар сом вовшахкхетта. ХIинцале а оцу ахчанах антисептикаш а, Iалашвен гIирс а эцна, дIасабекъна.

"Тешам" фондан векало Осканов Хьамзата дийцира, лорйижарша а, лоьраша а гIирс тоаме бац аьлла, дIахьединчул тIаьхьа, саамбира шьш, ахчанаш гулдан аьлла: "Бюджетера ахча хиллехь а, и къастийна, дIасадалале хан ер яра, ткъа лоьрийн сихо яра".

Волонтераш бу фондехь ха деш, мичча хенахь а маса дIакхачор бу цара оьшу гIирс.

"Масала, цхьаммо телефон туху, маьхза сабанаш луш ду ша, дIадахьа дуьйла олий. Волонтераш хьовдий, цига а боьлхий, я хьукматашкахь, я бахархошлахь дIасадоькъу уьш", - боху Оскановс.
Цхьалха болчу къаношна а цхьана гIо до волонтераша: кхачан сурсаташца, молханашца.

Меттигерчу бахархоша латкъамаш бо, масканийн мехаш тIетохарна.
"Масканаш йоьхкина лелаш ду тхо урамашкахула. Аптекашкара дIаяйнера уьш цхьана юкъахь, юха а гучуевли. Хьалха боллу 6 сом бацара мах, 35 соьме баьккхинера. Ас а, сан нанас а, йижарша а лелайо уьш. Ткъа кавказхойн божаршна эхь хета уьш лело",- дуьйцу Iели-юьртарчу Асияс.

"Кухни чохь хевшина Iа тхо. Изоляцехь хиларал совнах, ло а деа. Меттигерчу медицинан хьал ледара ду. ОвхIанистанехьчул а жимма гIоле ю, амма дуккха а тIаьхьа ю Францехьчул а, - боху шена хетарг Плиев Хаважа. - Дукха бIостане информаци хеза, эладитанаш. Цхьаммо хазадо, шена хIинцале а гIоле хилла, вукхо олу шен гергара нах белла пневмония лазарх, ткъа ма-дарра аьлча, коронавирус яра иза бохуш".

Аптекашкахь респираторш оьцийла дац, яц цигахь антисептикаш а, я IатIар а. Масканаш ю 40-45 соьмех уггар ледарнаш а цхьана, дуьйцу вахархочо.

"КIирандийнахь тхан эвлара нах бу зуда ялош. Гул ма ло, бохуш, кхайкхамаш биннашехь, уьш-м бац ловзар дIататта дагахь а. Тхан Iедало ма боху, дукха нах вовшахбетташ, барамаш ма гулбелаш. Цхьаболчу хьешаша шаьш гIур дац аьлла. Цецдевлла-кх тхо и гIуллакх дIа ца таттарна цхьана ханна", - дуьйцу Наьсарарчу Оксанас.

Лоьро- ренгенолога, жигархочо Ахильгов Ахьмада чIагIдо, медицинан гIирс латточу базехь хилла ша, цигахь тоъал оьшург ю бохуш.

"Кийча дуй тхо, хоьтту ахь, коронавирус эккхахь? Эпидеми ю ала тарло, соьга хаьттича, нагахь санна, цхьана меттехь 100 эзар стагна ун далахь. Ши эзар охьавилла везаш хилахь. ТIаккха-м дац тхо кийча. Делахь а, Iедалхой тешна бу, карантин кхайкхорна, дIоггара лакхара терахь хир дац аьлла", - са тедо Ахьмада.

Дуьххьара ша а вара боху цо паникехь: "ХIинца-м мел а паргIат ву со. Хьалха санна дарбан хIусамашкахь пациенташ тIеоьцуш бац, коронавирусца нах хилахь а бохуш, царна кхоош меттигаш. Бакъду, транспорт лелаш ца хиларна, лоьрашна хало ду белхан меттигашка дIакхача".

Медицинан белхахочо бахарехь, ИВЛ керла
аппараташ схьакхачаре хьоьжуш бу ГIалгIайчохь. Делахь а, оцу гIирсах нийса пайдаэца хуурш кIезиг бу.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG