ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Ца оьшу регионийн бакъонаш федераланчел совъяха». Мишустина доьхку мехкашна дозанаш къийла


Министрийн кабинетан кхеташонехь Оьрсийчоьнан премьера Мишустин Михаила емалдина цхьаццаболчу мехкаша шайн дозанаш дIакъовлар, регионашкарчу куьйгалхоша шайгара бакъонаш совъяхар.

Хьалхо президента Путин Владимира мехкийн лидершка, бухарчу хьелашка хьаьжжина урхалла леладе аьллехь а, коронавирусна дуьхьал бен болх хIоьттинчу ситуацица богIуш, пачхьалкхан Iедало йохучу гIулчашца бустуш хила беза, боху премьер-министра.

Премьер-министра дийцарехь, цхьаццайолчу регионашкахь хааделла наханна транспортца дIасалела новкъарлоеш. «Министрийн кабинето иштаниг магош доцийла кхетта регионашкара куьйгалхой, низамца дIанисбелла уьш кху мукъаденошкахь. Ца оьшу регионийн бакъонаш федералан бакъонел совъяха», - аьлла Мишустина.

Мегаш дац, бохура цо, «маьIна доцу новкъарлонаш» ойлайн-туьканийн курьерашна ян а, кир эцна йоьлху машенаш некъаш тIехь сецо а.

Шен дозанаш а къовлуш, чу-ара йоьду транспорт а, цIерапошташ а, кеманийн рейсаш а массо а регионел хьалха, кху беттан 5-чу дийнахь, совцийнарг яра Нохчийчоь. Шена «бен-башха а дац», къоман могашалла ларйичхьана, элира и дехкарш юкъадохуш мехкан куьйгалхочо Кадыровс, дийхира Москвага шена хьелашка хьажжина коронавирусна духьалоян бакъо кхачор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG