ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карантинна дуьхьал гулам дIабаьхьина Къилбаседа ХIирийчохь


Къилбаседа ХIирийчуьрчу Дигорахь коронавирусан карантинна дуьхьал протест хIоттийра бахархоша. «Халкъан гуламе» гулвелира 100 гергга вахархо.

Гуламхоша, «шаьш кхеташ дац хуьлуш лаьттачух, хьан жоп лур ду бакъонаш, паргIатонаш лакъоро дечу зенах», бохура.

"Наханна цIахь Iан тIедожор – иза халкъ кхетамчуьра даккхар ду! Иза дIа мел кхайкхийначо жоп лур ду халкъанна тешнабехк барна, низамаш дохорна» , - бохура гулбеллачара.

Протестхошна хетарехь, Iедало я балха лелийта беза нах, я ахча дала деза царна баха.

"Кавказ.Реалиига" кхаьчначу хаамца, гуламхойх лаххара а цхьа стаг дIавигина полицино.

«ХIара ныхас ю, халкъан гулам. «Митинг-митинг», боху цхьаболучара. Яц хIара митинг. Нехан даим а хилла арабовла, хетарг ала бакъо. Цунна ца оьшу цхьаьнгге а бакъо еха», - хазадо шен видео-дIахьедарехь гуламан цхьана декъашхочо.

Полицино ца елира "Кавказ.Реалиина" протестан хьокъехь шен комментари, амма элира, ша ца туху гIуданаш, и таIзар кхело до, цкъачунна бевзаш бац цуьнан сацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG