ДIадахначу пIераскана Москва-Соьлж-ГIала кеманца 114 стаг веана Нохчийчу. Оцу нахаца хилла коронавирус кхетта жима зуда. И аьлла хаам баржийна Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада шен Instagram-агIонехь.
Даудовс дийцарехь, йоIа, шен ваша волчу Москва яхча, несера схьаэцна вирус. Ткъа йоI ун кхетта хилар гучудаьлла иза Соьлж-ГIала кхаьчча.
Дуьйцучу дийнахь «Шереметьево-Соьлж-ГIала» кеман рейсаца махка баьхкинчу нахе карантин лаца аьлла, вистхилла Даудов.
Нохчийчу автобусца веъначу цхьана стагехь а карийна ун. Иза 1999-чу шарахь вина Кхошкхаьлдара вахархо ву. Карарчу хенахь виллина Соьлж-ГIаларчу 4-чу дарбан хIусаме. Оцу жимчу стагца автобус чохь махка веана виъ вахархо а ву Нохчийчуьрчу лоьрийн тергамехь.