ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаев Ахьмад, вевзаш волу нохчийн политик, дарбан цIийне кхачийна коронавирус кхетта хиларх йолчу шеконца


Британехь веха нохчийн политик Закаев Ахьмад дарбан хIусаме кхачийна коронавирус кхетта хиларх йолчу шеконца. Оцу хьокъехь хаам бина "Кавказ.Реалиига" Закаевн гергарчара.

ПIераскан дийнахь, COVID-19 уьнан битамаш хаало шайна шайца, аьлла, лоьрашка латкъам бина Закаевн доьзалан декъо. Кхо де даьлча садеIар чолхене даьлла Закаев Ахьмадан, оцу бахьанийца сихха дарбан хIусаме виллина иза.

Политикера хьал аттачу доккхуш, лоьрашна иза пехашка садоIуьйтучу аппартах воза бакъо елла гергарчара.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG