Коронавирусан цамгарх то а велла, 12 вахархо шайн-шайн доьзалшка дIавахийтина Нохчийчохь лоьраша. Оцу хьокъехь хаам баржийна Telegram каналехула мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
"Нах тобаларо а, дарбан цIийнера дIабахаро а гойту коронавирусна дуьхьал хIиттийна барамаш жамIе хилар», - билгалдаьккхина Кадыровс.
Тобеллачаралахь ву, масала, лазар хала лайна волу вахархо Аюбов Iалавди. Иза СаIуда Iаьрбийчу Iумрат дан ваханчохь хилла цомгуш, шен доьзална а кхачийна цо ун.