ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ягориг ютту станци схьайиллина хIиричо ша-шеггара


Iедало елла бакъо а йоцуш, вахархочо ша-шеггара схьайиллина ягориг ютту станци гучуяьлла Къилбаседа Хирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахошна. Полицерчу пресс-векалто бина и хаам "Кавказ.Реалиига".

"30 шо долчу меттигерчу вахархочо ягориг ютту станци хIоттийна «Ставропол-Мазалк-Крайновка» некъан йистонца. Я совдегаралла лело елла бакъо а, я кхидолу цхьа а кехат а доцуш, бензин, газ юхкуш лаьттина станци», - боху полисхоша.

Ша болх бечу юкъанна, 10 миллион сом гергга са яьккхина «бизнесмено» - и терахь ду цо ша юхку ягориг, хуьлу харж а, пайда а дIаязбеш лелийначу тептара тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG