ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус кхеттачарна гидроксихлорохино гIо дийр дара, боху Трампа


Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ, коронавирус, Нью-Йорк
Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ, коронавирус, Нью-Йорк

Коронавирусах ун даьллачу нахана дарба дан гидроксихлорохин молха лело деза, бохучу президентана Трамп Доналдана дуьхьалваьлла иза паденна хилар тIечIагIдина йца хилар дуьйцу Америкехь йолу цамагаршкахула коьрта говзанча лоруш волу Фаучи Энтони, яздо "Американ аз" зорбан гIирсо.


Дукха хенахь дуьйна лоьраша хоршина дуьхьал лелочу гидроксихлорохин молхано гIоле йийр яра коронавирусан ун юхатухуш, бохучу президентана Трамп Доналдана дуьхьалваьлла ву йолу цамгарийн коьрта говзанча лоруш волу Фаучи Энтони.

Оццу хенахь оцу вирусо бойучу нехан терахь алсамдолуш ду Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь, маситта бIаь стаг дийнахь-бусий а леш. ХIора дийнахь КIайн ЦIийнехь ша дIахьочу зорбан конференцешкахь Американ президенто хьехадо и молха, цо хьал сихоца хуьйцур а дара, дуккха а адамаш Iожаллах хьалха а дохур дара бохуш.

"Суна баккъалла а хета оцу молханах дарба хир дара аьлла. Амма и сацам лоьрийн бу. И сацам бан безарш дархочун лор я цу дарбанан цIийнехь болх беш болу лоьраш бу. Амма гидроксихлорохинах дерг аьлча – хIун хуьлу хьовса шайна лаахь", - элира цо дIадаханчу мукъачу деношкахь.

Трамп Доналд а, Фаучи Энтони а зорбан конференцехь
Трамп Доналд а, Фаучи Энтони а зорбан конференцехь

ТIейолу а, аллергин а цамгар толлучу Къоман институтан куьйгахочо Фаучис дийцарехь, гидроксихлорохин лелоран жамIаша "уггар алсам дича дийриг ду ойла кхоллар", Iиламанца бинчу талламна тIетевжина дац иза.

ДIадаханчу шотдийнахь КIайн ЦIийнехь коронавирусца къийсам латторехула белхан тобан кхеташо дIайоьдуш луьра къовсам иккхира оцу хьокъехь Фаучин а, Трампан махбаран хаттаршкахула хьехамча волчу Наварро Питеран а.

"Оцу молхано кIелхьардаха мегара адамийн синош. Вай тIамехь ду. Вай дан гIертаг ду мелла а дукха адамаш дийна дисийтар", - элира Наваррос CCN телеканалан эфирехь.

Цу хеннахь, Америкехь хIокху кIиранах коронавирусах кхалха мегаш бу ун кхеттаул тIаьхьа ца хиллачу кепара дукха нах. Reuters агенталло бинчу хаамца, карарчу хенахь Цхьаьнатоьхна Штаташкахь коронавирусан ун кхетна беллачу бахархойн терахь тIехдаьлла 10 эзарал а. Иза тIекхочуш ду оцу цамгарх Италехь а, Испанехь а кхелхинчу нехан гайтамна. ТIаьххьара болчу хаамца, Италехь велла 16 эзар стаг, Испанехь - 12,5.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG