Махкарчу Роспотребнадзоран декъо бечу хаамца, дуьххьара стаг велла коронавирусах Къилбаседа ХIирийчохь.
Республикерчу цIанонан а, эпидемиологин а центро хьалхо бакъдина цо коронавирус лацар, делахь а тест яхьийтина хилла Москварчу Роспотребнадзоран уьнна дуьхьалоечу центре.
"Стеган 83 шо дара. Дарбан хIусаме виллинера иза. Лоьраша ма-хуьллу гIиртира цунна дарбадан, амма аьтто ца баьлла тован, хала ловра цо цамгар», - боху меттигерчу Роспотребнадзоран декъан пресс-векалто.
Кхалхар нисделла пневмани халачу кепе йирзинчу хьелашкахь.