ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставропол-махкахь кхуьуш ду COVID-19 кхеттачийн терахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

19 стагна совдаьлла Ставропол-махкахь коронавирус лаьцначийн терахь, велла вац цхьа а, боху Роспотребнадзоро шинарийдийнан Iуьйранна яржийначу информацино.

Оьрсийчоьнан регионашлахь 6-чу меттехь бу ун даржарца Ставропол-мохк. Цкъачунна хоуьйтуш дац, муьлхачу гIаланашкахь, кIошташкахь бу дархой.

Селхана 9 стаг хаавеллера махкахь ун кхетта. Москва яхьийтинчу церан тесташца лазар карийнера.

Верриг а коронавирусах цомгушверг ву Ставропол-махкахь 39 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG