ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус кхетта нах гайта шайна бохуш, дарбан цIенна чугIиртина кегий нах ХIирийчохь


Орцан медицинин клиникин ханах чекхбовла гIиртина, шайна коронавирусах цомгуш Iохкурш гайта бохуш, бевзаш боцу нах БуьрийтIехь. Оцу инцидентах лаьцна "Кавказ.Реалиига" дийцира дарбан хIусамаш белхахоша.

Хилам нисбелла оршоьтадийнахь. Кевнах чекх ца бовлабелла, хехой а Iехийна, дарбан цIенна чубаха гIертарш. «Тхо цомгуш болчу гергарчаьрна тIаьхьадаьхкина. Лоьраш кхайкхина тхо», - бохуш хьийзина кегий нах.

Инцидент йирзича, дарбан хIусаман куьйгалло сацам бина, лоьрашна чубаха цхьа ков бен мукъа ца а дуьтуш, хIусаман доза чIагIдан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG