ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Со оьрси ю, со дика кхета сайн турпалхочух, гIалгIайн зудчух"


Яздархо Разумова Анастасия
Яздархо Разумова Анастасия

Интервью кечйинарг Лайтштерн Михаил - "Кавказ.Реалии"
2019-чу шарахь билгалбаьхначу яздархошна дукха хан йоццуш совгIаташ дIасадийкъира "Сибирские огни" цIе йолчу ширачу стоммачу журнало. "Проза" номинацехь толам баьккхира Пермскан кIоштарчу Разумова Анастасияс. "Буьйсанна говраш хьан ларйора..." цIе а тиллина, дийцар яздина цо Казахстане депортаци йинчу гIалгIайн къомах лаьцна. "Кавказ.Реалии" корреспондент цхьанакхийтира авторца. Иза къастон хьаьжира, хIун ала гIертара автор шен ешархошка, Сибирехь цуьнан дийцар гоьдаьлла хиларан а хIун бахьана ду.

- Цхьана интервьюхь ахь элир-кх, текст коллало хьайн кийрахь шовкъ гIоттий аьлла. "Буьйсанна говраш хьан ларйора..." дийцар яздар муха нисделира хьан?

- Сан коьртехь турпалхой гучубовлу дуьххьара. Сюжет, я тема, я идей ца хуьлу хьалхара, цхьана стеган васт хIутту дуьххьара. Сайн ма хуьллу, оцу турпалхочуьнга ладоьгIу ас, цуьнан аматашка бIаьргбетта ас, цунах хиллачун а ойла йо. Ишта дуьххьара кхолладелла сан коьртехь, даймахкана генахь, шен цхьаъ бен воцчу воIца йисинчу гIеметтахIоьттинчу зудчун Хьаван амат а.

Кхузахь цуьнан цхьаннан драма хилла ца Iа, кхузахь дийнна къоман трагеди ю. Турпалхочун вастан ас кIорггера ойла мел йо, со дика кхетара цуьнан кхолламехь Iиттаделлачех. Кавказера ю иза. Лаамза махкахь яьккхина йолу.

Сайн аьтто мел болчу хьосташкахь талламаш бира ас "Чечевица" операцех лаьцна информаци гулъеш, ишта тема а, меттиг а, зама къаьстира. ТIаккха вовшахтасаелира соьга сюжет. Дуккха а шерашкахь суна хьалха лаьттинчу хаттарна жоп делира сан дийцаро.

Сан деда а, денана а ду репрессеш лайна. Деда украинхо ву, денана белорусхо. Уралехь девзина ду и шиъ, пхи бер дуьненчу даьккхира цара. Доьзал кхиъна, пачхьалкх мел ю дIасабаьржина. Шайн ден а, ненан а дезачу деношна Пермскан кIоштарчу Красновишерск гIалахь вовшахбеттало уьш.

Со бер долчу хенахь Iаламат чIогIа хазахетар суна, сан дедена цуьнан йоI асовгIатна елла суьртийн альбом луьстуш. Тахана ойла йо ас, оццул бала а хьегна: махках ваккхар, лецарш, дена тоьпаш тохар, муха вуьсур ву дуьненна а дар ца луш? Оцу хеттаршна жоп хила тарло сан "Буьйсанна говраш хьан ларйира..." дийцаро.

- Муьлххачу а гIалгIачунна, уггар а коьртачех дуьсу хаттар, хIун бахьанаш дара депортаци ян бохург, хьайн дийцарехь хьахоза дитина ахь.

- Сталина къаьмнашна йина депортацеш зуламе ницкъбар дара-те, я богIуш бина бекхам хиллера бохург къийсар дехха лаьттар долуш ду. ХIора а агIонан цунах шен-шен тоьшаллаш а ду. Тамашениг хIун дуй? Сталинан а, Берин а политикан агIончаша дIахьедеш хилар, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхехь дезертиралла а, бандитизм а диллина лелош дара бохуш. ХIетте а, хьесап до цара а, нохчий а, гIалгIай а цхьабосса лехкина махках бахар - харцо а яра, нийсонца ойла йина хIума а дацара бохуш.

Сан дийцар - ораторан трибуна яц, социалан-политикан анализ ян майда а яц. Цхьана адаман - Хьаван, сан турпалхочун кхоллам бара суна интересе хетарг. Иза бандит а яц, фашистийн агIонча-м муххале а яц иза. Ткъа мел дукха хилла и саннарш! Шайн хIусамех баьхна, некъаца белларш, я депортацин хьалхарчу шерашкахь мацалла белларш.

- Сталинан заманахь, дукха къаьмнашна йина депортаци - гIалгIашна, нохчашна, немцошна, корейцашна, оьрсашна, ишта кхин дIа а. ГIалгIайн къоман кхоллам ахь тIеозор стенна дара?

- Красновишерскехь кхиъна ю со. Бохийна нах баьхна гIала ю иза. Цигахь немцой, ГIирмера гIезалой, украинхой, прибалташ, эрмалой, желтой, нохчий, гIалгIай бара... Царех хIораммо а хатта тарло: хIун даьллера тхоьгара? ХIоранна а йийца хир яра шен кхолламах лаьцна инзаре истори.

Ас гIалгIа Хьава хIунда къастийна хоьтту ахь? Цуьнан вастаца дуккхаъчийн ойланаш а, сингаттамаш а бу. Ас юха а боху, сан дийцар синхаамийн дуьненах лаьцна ду, политикан дуьненах дац, тIаккха ас и турпалхо харжар а - цхьаъ доцуш дац. Со оьрси ю, со дика кхета сайн турпалхочух-гIалгIах, цуьнан ша нана хилера терра, ненан сингаттамах а, зуда хиларе терра, цуьнан тIехьажамех а.

- Стенгара хаьа хьуна меттигерчу дахаран башхаллех - луьра гIамарца хьоькхучу мехех а, хица лайначу проблемех а? Там бара хьо ГIалгIайчохь а, Казахстанехь а хилла хила?

- Хала хеташ делахь а, хIан-хIа, хилла яц со. Сан цIийнда ву Казахстанера, цигахь ехаш ю цуьнан нана а, ваша а. Суна чIогIа хазахета сан майрчо Казахстанерчу дахарх дуьйцуш. Сайна хаа луург цуьнга дуьйцуьйтура ас. Ишта-м дуккха а кхелхинчийн дагалецамех лаьцна дешна ас, ладийгIина оьрсийн матте гочдинчу, интернетехь видеошкахь дьйцуче а.

- ГIалгIайн къоман амал муха ю аьлла хета хьуна? Кху заманан ГIалгIайчуьрчу яздархочо Кодзоев Iийсас цкъа билгалдаьккхир-кх "тхан къоман протесте характер ю. Тхайна тIеIаткъам мел бе, дуьхьал дуьйлу тхо. Суна хетарехь, оьрсаша аьрхалла олу-кх цунах". Ткъа хьан дийцарера турпалхой дуьхьал ца буьйлуш, шайн ма-хуьллу, хене бовла хьуьйсу. Я со нийса вац? Кеп-кепара хила тарло дуьхьало яр?

- Депортаци йина нах хийрачу Iаламан хьелашкахь нисбеллера. БIешерашкахь шайн даймахкахь леллачу культурех, ламастех тера а доцчу хьелашкахь. Шайн ламасташ, мотт, гIиллакхаш лардархьама хиллачуьнга юхахьежар бен дисина ца хиллера царна. Цхьа шатайпа ларъеш ю гIалгIаша шайн къоман этикет. Кхоллаеллачу ситуацехь Iаламат хала хилла и дерриге а Iалашдан.

Кодзоевс интервьюхь дийцарца, гIалгIай шайн къоман гIиллакхашка болчу безамехь къар ца луш ду боху цо. Газеташкахь, къаьсттина, партин зорбанашкахь, шайн ламасташ а, гIиллакхаш а бехдан гIертара боху, ткъа гIалгIаша "хIуьттарена дезара шайн хIума".

Сан турпалхо масех шарахь аренашкахь еха, амма ца тов цунна и дахар. Дерриг а баккъал доцуш санна хета цунна: меттиг а, адамаш а. Шен даймахке сагатдина ца Iаш, керлачу лаьтта тIехь а шайн къоман къепе хIоттон гIерта иза. Шен къоман йоI хилла йисар - ишта шен сица дуьхьало латтайо цо.

Ткъа шен къоман векал йисинчу цо, хийрачу лаьтта тIе а серло кхачайо. Хьавас тIеоьцу шен дахар шена тIехIиттинчу хийцамашца а, лозучу чевнашца а. ХIинццалц шена а ца хууш, шегахь хилла цхьа ницкъ хаало цунна. Адамашна дарба деш, гIо деш, шен серло луш, дIайолалало иза.

- Ала тарлой, хьан дийцарехь коьртачу турпалхочо, йоккхачу стага Хьавас гойту, шайн латтанаш цIадерзон, гIалгIайн къоман хилла лаам кхочушхилла баьлла бохург?

- Цхьана а агIор бакъо яц сан, гIалгIаша сатийсинарг кхочушхилла, я ца хилла аьлла, мах хадо. Оцу хаттарна шаьш оцу къоман векалша жоп лур ду. Ткъа вуьшта..Дуй-те лаьтта тIехь цхьа а къам, цхьана историн заманчохь шайца лелийна харцо бахьана долуш, са ца гатдеш?

- ГIалгIайн мотт бевзий хьуна? ГIалгIайн яздархойх мила ву хьуна гергара хеташ?

- ГIалгIайн мотт суна ца хаьа, цундела ас баркалла боху гочдархошна, уггар а хьалха, фольклор йовзийтарна. Даим а интересе ма ду, къомо шех лаьцна олург. Iаламат доккхачу хазахетарца листира ас гIалгIайн фольклор. Церан туьйранашца, кицанашца, аларшца - йоккха энерги ю.

ГIалгIайн яздархой башха дукха а бац, кхин а кIезиг бу оьрсийн маттахь яздийраш. Боков Ахьмадан киншка а ешна ас. Революцина муьтIахь хиларца цхьа пафос дIаяьккхича, цуьнан книги тIехь дуккха а мехалниг ду, гIалгIайн мискачу нахах лаьцнарг.

Базоркин Идрисан "Из тьмы веков" ешна ас. ГIалгIашна "Война и мир" роман санна, къоман езачех ю боху иза.

Кху заманан яздархойн публицистика евзина суна, депортацех лаьцна дийцарш а дешна ас.

- Оьрсийчоьнна юкъарчу дуккхаъчу къаьмнийн кхолламаш а, церан истори а, цара лайна зераш а - исторехь доккха чкъор ду. Кхин дIа а оцу агIонехь дIаяха дагахь юй хьо?

- Карарчу хенахь кхузаманан йоIах-мансих лаьцначу исторех ойланаш йо ас. Цхьана оьрсийн гIалахь ехаш ю иза, амма шен яйначу культурина а, оцу гIалина а херъелла. ТIаьххьара бисина, шайн гIиллакхаш дIатесначу манси къоман векалш бехачу сайн даймахках лаьцна яздан дагахь ю со. Массо а маьIнехь вар - и хила мега сан тема.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG