ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мишустинан а, Кадыровн а дIахьедарш дуьхь-духьал дац, боху Кремло


Оьрсийчоьнан премьер-министра Мишустин Михаила, регионашкара куьйгалхой шайгарчу бакъонел совбуьйлу аьлла, дина дIахьедар а, оцу хьокъехь Кадыровс делла жоп а вовшашна бIостанехьа дац, боху Кремло, ТАСС агенталло бечу хаамца.

"ХIан-хIа, бIостаналла ца го тхуна. Мишустина регионаш къовла мегар дац бохура, ткъа оцу хьокъехь Нохчийчуьра кхаьчнарг билгалдаккхар ду, цигахь доза къевлина дац бохучу маьIнехь ", – аьлла Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс.

«Регионашна бакъо елла нах ларбеш, вовшех дIасакъасто, иза ерриг а пачхьалкхехь лела хьал ду, бакъду, федералан Iедалца бертахь деш хила деза дерриг а», - билгалдаьккхина Песковс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG