ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а 6 стаг коронавирусах цомгуш хилла Къилбаседа ХIирийчохь, ткъа 1 стаг велла


Москварчу референс-центрна коронавирус карийна Къилбаседа ХIирийчуьра кхаьчначу 6 тестаца. Оцу хьокъехь хаамбина махкарчу Роспотребнадзоран декъо.

Верриг а 15 стаг ву ХIирийчохь уьнах цомгуш.

"Кавказ.Реалиина" БуьритIерачу орцан медицинан клиникехь еллачу информацица, 17 стаг ву лоьрийн Iуьналлехь, церан тесташ теллинчу Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу институто 11-нна тIе ца чIагIдина коронавирусах цхьакхаелла хилар.

6 стаг ву БуьритIерачу дарбан хIусамехь Iуьллучу бахархойх пехийн пневмони йолуш, халачу хьолехь. Царех кхаанна хIо латтадо лерринчу аппаратца.

Хьалхо лоьраша Iуьналле эцначу махкарчу дархойх цхьа стаг велла – 83 шо долу къано.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG