ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь кхин а 18 стаг цомгуш хилла вирусах


Коронавирус лаьцначийн могIарш буьзина ГIалгIайчохь кхин а 18 стага. Йолчу шеконца, лоьраша Iуьналле эцна бара и нах , боху ГIалгIайчуьрчу оперативан штабо.

Меттигерчу лабораторехула шозза теллинера и нах, ткъа тахана Москвара кхаьчначу жамIо гойту уьш баккъал а цомгуш хилар.

Несарарчу кIоштан дарбан хIусамехь Iуьллу 20 стаг. Халачу хьолехь ву царех 1 – пехашна шина а агIор пневмани йолу 67 шо кхаьчна вахархо.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG