ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь эцначу 31 тесто гайтина коронавирус, царех Москвахь бакъйина 17


Нохчийчоьнан могашаллин министра Сулейманов Элхана шинарий сарахь довзийтина махкахь ун даржарца долу хьал.

Цо бахарехь, 686 вахархо ву лоьрийн Iуьналлехь, уьш массо а бу дозанал арара махка чубаьхкина.

«Тхан лабораторехь йинчу анализаша 31 стагаца гайтина вирус, царех 17 стаг цомгуш вуйла хаийтина Москвахь бинчу талламо. Пациенташ вон бац таханенна, цхьаъ воцург – цуьнан 83 шо ду, халачу хьолехь ву иза», - аьлла министра.

Сулеймановс бахарехь. оршоьтадийнахь 12 дархо то а велла, араваьлла дарбан хIусамера, ткъа шинарийдийнахь – 3.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG